ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МаслаIатан а, девнен а гимнаш


Хоккей хьажа еана Чехийн Республикан къона махкахо ю шайн къоман гимне ладугIуш, шайн хоккейн тобан бесаш долу шарф а карахь.
Хоккей хьажа еана Чехийн Республикан къона махкахо ю шайн къоман гимне ладугIуш, шайн хоккейн тобан бесаш долу шарф а карахь.

1995-чу шарахь аьхка дара иза. Ларамаза Москохара Минводы догIучу кеманчтIехь цхьаьна нисвеллера со Кремле а бахана, Ельцин Борисаца барт а бина, цIа богIучу гIалагIазкхийн атаманашца а, царна улле бевллачу шира паччахьан армин эскархойн кителш а, советан армин хечаш а йоьхна, бутофорийн тарраш а, шайн дайн хилла мидалщ а оьхкина болчу церан цуьхьаршца а.

Кад а тухуш, цара дечу къамелех со кхийтира, Оьрсийчоьнан президенто царна дош делла хиларх гIалагIазкхийн статусах лаьцна цхьацца документаш кечдайта а, уьш Пачхьалкхан Думе тIеэцийта а.

Оццу шарахь Краснодаран Iедалша тIеийцира шайн мехкан гимн ю аьлла «Хьо, ГIуба, хьо тхан Даймохк» цIе йолу йиш.

Кавказерчу хьалхарчу гIалагIазкхийн полкана хьажийна йолу и йиш язйина хилла 1914-чу шарахь Хьалхара дуьненера тIом боьдуш оьрсий а, туркой а дуьхь-дуьхьала лаьттачу фронтехь. Цуьнан дешнийн автор ву полкан мозгIар Образцов Константин.

Цуьнан текст маршаллан кехат ду, гIалагIазкхаша цIа, гIубанхошка, дахьийтина долу. ГIалагIазкхаш дагалоьцу маьрша станицаш -- ден цIа, шайн синош ца кхоош леташ а бу уьш «мостагIчуьнах - басурманинах, хьоме даймохк бахийта».

Дуьххьара иза цхьана къеззигчу тобано лоькхуш хилла. Цхьа ши шо далале иза лоькхуш хилла тIамтIехь болчу массо а гIубанхоша. Оьрсийчохь махкахойн тIом боьдуш иза официалан гимн хилла ГIубанан Радан а, ГIубанан Халкъан Республикан а. Ткъа ШолгIа дуьненера тIом боьдуш а лоькхуш хилла иза гIалагIазкаша.

Амма и гимн хилар дага а догIур дацара, я иза юй а хуур дацйара нагахь баханчу баттахь Краснодарехь «Анжи» а, «Кубань» а футболан тобанаш ловзуш меттигерчу цхьана накъоста Дагестанан байракх яга ца йинехь. И бахьана долуш Краснодаран мехкан а, Дагестанан а Iедалийн дов иккхира.

Цул тIаьхьа Дагестанан дупуташа шайн тидам тIебахийтира Краснодаран мехкан гимнана, царна хетарехь, "басурманашца" тIаме кхойкхуш йолчу.

Экстремизм а, къаьмнашна юкъахь цабезам кхоллар а гира Краснодаран мехкан гимнан текстана юкъахь Дагестанан парламентан гIантдена Шихсаидов Хизрина. Баханчу беттан 31-чу дийнахь Халкъан кхеташонан рогIерчу сессехь цо тидам тIебахийтира Краснодаран мехкан гимнана.

ХIунда оьшу "басурманинах" лата доьлху боху дешнаш гимн юкъадетта, бохуш хоьттуш вара эргIад вахана волу Шихсаидов Хизри. Нагахь цу тайпаниг далахь Конституцин кхеле дилла деза и гIуллакх аьлла, дIахьедар дира шен агIор Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. Цо дехар дира говзанчашка цу гимнан мах хадабахьара аьлла.

Гимн боху дош билггал хIара ю аьлла этимологи, я вьушта аьлча, билгалбаьлла кхоччуш чулацам болуш дац. Ширчу заманахь Ширчу Грецехь а, Римехь а и дош дузуш хилла «дуца» я «дан» бохучу дешнашца, гимн кхоллар кIадий дар санна гIуллакх хеташ.

Цу хенахь муьлхха а дешнаш алар кIадий дар, я керт юцар санна хеташ хилла, дешнаш къамелан кIадий дар лоруш.

Амма грекийн маттахь баш дукха тоьшаллаш дац "гимн" дош кхолладалар иштта хилла аьлла дийца таро луш.

Гимнаш хилла дуккха а къаьмнийн, уьш коьртачу декъана йоьзна хилла Дела хестош кхоьллинчу поэзица. Индихойн поэзехь церан дуккха а болчу деланашна хьажийна гимнаш коьрта меттиг дIалоцуш ю тIаьхьарчу хенахь кхоллаеллачу поэзехь а.

Йоккха меттиг дIалоцуш хилла гимнаша Латтаюькъерчу хIордана гонахарчу мехкашкахь а. Мисарахь а, Бабилонехь а Даллана коьллина гимнаш инзаре хаза суьрташ хIиттош хилла, адамийн дог ойуш а хилла.

Гергарчу Малхбалехь гимнийн поэзи шуьйра яьржина хилла Iаьрбийн а, гIажаройн а литературехь. Амма уьш вовшаха кхоччуш къаьсташ хилла. Iаьрбийн динца йозна йолу лирика дукха ледара хилла. 13-чу бIешарахь хийцаделла и хьал, Мохьаммад-Пайхамарна хьажийна Бусирис язйина гимн-касыда бахьана долуш. Касыда бохург байташ язъяран кеп ю.

Амма гIажаройн поэташ кхоьллина гимнаш шуьйра теманаш чулоцуш хилла. Царах ю Руми Джелаледдина язйинарш. Царах цхьаъ вайна суьйли маттахь йовзуьйту Римин кхоларрала гочйеш къахоьгуш волчу яздархочо, журналисто Дугричил Муртуза-Iелас.

Дугричил Муртуза-Iела:

Линкана тIе


Генарчу Малхбалехь ша тайпа кепаш хилла гимнийн. Карарчу хенахь гимнаш байракх а, герб а санна къоман симбол лоруш долу динца боьзна боцу чулацам болу илли ду. Иза олу цхьацца даздарш а, официалан церемонеш а йолуш.
Уггаре а хьалхарлера шуьйра евзаш йолу гимн ю Британин «Дела, ларве тхан паччахь» цIе йолчу иллина тIехь кхоьллинарг, тахана а официалан кепар иза паччахьо, я парламенто чIагIдина дацахь а.

Цунах масалла эцна гучуевлла кхечу пачхьалкхийн гимнаш а. Дуьххьара царах дукхах ерш (20сов) лоькхуш хилла Британин гимнан мукъамах пайда а оьцуш, масала Оьрсийн Империн «Дела, паччахь ларве» боху гимн саннарш.

Линкана тIе


Францин гимн ю шен истори йолуш. Цуьнах лаьцна дуьйцу историн Iилманчо Вачагаев Майрбека.

Линкана тIе


Нохчийн муха юкъаметтигаш нисйелла гимнаца? Дуьххьара иза юкъаяьлла Шемал заманахь бохуш дуьйцу Вачагаев Майрбека.

Линкана тIе


Ичкерийн заманахь нахана дика евзаш яра нохчийн гимн. Цуьнан мукъам язбина Димаев Iелас. Цо иштта дагалоьцу ша цунна тIехь болх бар.

Линкана тIе


Нохчийн Республикехь карарчу хенахь билгалъяккхина ю кхин гимн. Цуьнан мукъам баьккхинарг а ву Димаев Iела. Иза иштта ека.

Линкана тIе


Ткъа Краснодаран мехкан гимнах лаьцна аьлча, Къилбан Федералан университетан зорбан сервисо бинчу хаамца, цу университетан эксперташа толлур ю Краснодаран мехкан гимн.

Говзанчаш лоручу Даль Владимира хIоттийначу дошамца а догIуш, "басурманин" бохург керстан динехь воцу, кхин дин лелош волу стаг ву, цабезаман чулацам шеца болуш волу. Цундела бусулба нахана цатайна цу кепара цу дешах пайда ээцар. Иштта ойла йолуш ву историн Iилманча Вачагаев Майрбек а.


Тахана, масала, нохчий шайн гимн хила бакъо йолуш хилча муха хир яра иза? Вачагаев Майрбека дуьйцу.

Линкана тIе


Ша истори ю Оьрсийчоьнан гимнаца йоьзнарг. Цуьнан текст кхузза хийцина 1944-чу шарахь иза Советан пачхьалкхо тIеэцначул тIаьхьа.

Оццу мукъам тIехь гимн хилийта дагахь хиллера кхечу республикийн куьйгалхой а, масала, казахаш. Амма эххаре а тIеэцнарг яра халкъан иллина тIехь кхоьллина гимн. Цуьнан дешнаш ду даймохк хестош аьлла, хьалхара 4 могIа бийшира Маршо Радион редакторо Шарибжанов Мерхата.

Линкана тIе


Амма и гимн хьокъехь а билгалбовла кхиийна нохчий. Иштта 2006-чу шарахь ГIадужу-беттан 7-чу дийнахь, Википедиано дийцарехь,дуьненан рекорд а хIоттош, 60 эзар стага, вовшен куьйгаш а лаьцна, лекхира Оьрсийчоьнан гимн, винаде даздеш волу Путин Владимир вазвеш.

Линкана тIе
XS
SM
MD
LG