ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боингах лаьцна Оьрсийчоьно дуьйцург бух болуш дац боху Британерчу эксперто

Австрали -- Австралехь беха украинахой бу Сиднейхь дуьхьалонан акци дIахьош, Товб. 19, 2014
Австрали -- Австралехь беха украинахой бу Сиднейхь дуьхьалонан акци дIахьош, Товб. 19, 2014

Украинехь Малайзин некъахойн кема чудаийтарх лаьцна Оьрсийчоьно дуьйцучух теша хала ду аьлла хета Британерчу экспертана, цу тайпа бохамаш толлуш болх бинчу талламхочунна Глив Дэвидана. Оьрсаш дуьйцург бух болуш дац боху цо.

Британерчу авиацехула волчу эксперто Глив Дэвида чIагIдарехь, MH17 рейс кхочуш еш хилла Малайзин некъахойн кема Украинин Су-25 олчу тIеман кемано чудаийтина бохург хила йиш йоцуш хIума ду.

«Ракеташ а, боманаш а йолуш Су-25 олу тIеман кема хаьла дала аьтто болуш дац 5 километрел тIех. Ткъа вайна хаьа MH17 рейс еш хилла Боинг 10 километар лакхах доьдаш хилла хилар», - боху Глива.

Кху беттан 21-чу дийнахь зорбан-конференцехь Оьрсийчоьнан инарлан тIеман штабан декаъшхоша дIахьедар дира ракеташ а йолуi Украинин Су-25 гина шайна Боинган 3-5 километр уллехь доьдуш аьлла.

(http://www.buzzfeed.com/maxseddon/it-wasnt-us-russian-generals-scour-the-internet-for-mh17-the),

(http://www.rferl.org/content/factsheet-mh17-russia/25464815.html),

Авиакатастрофаш толлуш болх бина волчу говзанчо Глив Дэвида дийцарехь, иза хила тарлуш ду, цунах теша хала делахь а. Глива дийцарехь, хила мега бохуш долу кема гIорта тарлора сихха охьа а хахкаделла, юха стигал хьала а хаьдда, ша Малайзин некъахойн кеманна 3 километр къеллахь делахь а, ракета хеца гIорта.

Оьрсийчоьно чIагIдийриг кхеташ дац. 10 килеметр лакхах лела аьтто болу Су-27 олу кеманаш а долуш, хIунда хаьржина тIаккха украинахоша Боинг чудаийта лахахь а бен лелалуш доцу Су-25?

Шинарин дийнахь (Товбеца-беттан 22-гIа де) Iамеркан Iедалша зорбане даьккхира шайн спутнико даьккхина сурт. Цу тIехь гуш ю, гарехь, Украинехь тIом бечу террорахоша Боинг чудаийта хецна йолчу «Бук» ракетан траектори.

href="https://twitter.com/hashtag/FlightMH17?src=hash">#FlightMH17 and the missile US says shot it down. @NatSecCNN @cnnbrk pic.twitter.com/ijsUM1nCjZ
— Barbara Starr (@barbarastarrcnn) July 22, 2014

Глив Дэвида дийцарехь, чудаийтинчу Боингах дисинчу дакъошка хьажча гуш ду цунна зенитан ракета тоьхна хилар.

XS
SM
MD
LG