ТIекхочийла долу линкаш

Ослохь лаьцна жима стаг ГIалгIайчуьра ву


Норвеги -- Полисхоша дIакъевлина Ослон туп а, лаьцна цхьа стан цуьнгахь бомбах тера коьчал хиларна, Осло, Норвеги, Оханан-бутт 8, 2017

Ослохь нах лелачу меттехь бомба йилларна кIирандийнахь лаьцна волу жима стаг ГIалгIайчуьра орамаш долуш ву. Iиса цIе йолу и кIант 2010-чу шарахь Норвеге кхаьчна хилла шен доьзалца. Кхузахь хьахон догIу, и нах Малхбузе кхачийнарш цхьанна а агIор политикан бахьанаш ца хилар, я уьш тIамах я Iедалийн харцонах бевдда цига бахана ца хилар, Iисайн доьзал бевзачу хьосташа Маршо радионе дийцарехь. Бахьана – доьзалан да во лазар долуш цомгуш хилар дара, цунна дарба дайтархьама Норвеге а бахана, цигахь Iедална тIе бахана хилла и доьзал. Политикан бахьанашца уьш баьхкина ца хиларх терра ишттачу хьелашкахь,- и бохург ду, дарба лоьхуш цхьаъ Европерчу Iедалшкара тховкIело йоьхуш хилча, луш ма-хиллара, гуманитаран тховкIело еллера царна Норвегин мигрантех йолчу хьукмато. ХIетахь дуьйна тIаьхьарчу ворхI шарахь цу махкахь вехаш хилла Iиса, ала дашна, кест-кеста ша цхье я шен доьзалан декъашхошца луларчу Оьрсийчу а воьдуш, къаьстина дозанна гена йоцучу Мурманск гIала. Цул совнаха, цуьнан массо а аьлча санна доттагIаллаш а, гергарлонаш а меттигерчу оьрсийн диаспорица дара бохуш дийцира Маршо радион шен цIе яккхийта ца лиинчу цу махкарчу хьостано. Карарчу хенахь, хетарехь Норвегин Iедалхоша я цу кIентан гергарчарех цхьаммо дIакъевлина йолчу Iисайн Фейсбукерчу агIонна тIехь гуш ду цуьнан социалан машанера гергарлонаш а доккхачу декъехь оьрсийн къомах я оьрсийн цIераш йолчу нахаца хиллийла. Маршо радион хьостано и агIо дIакъовлале ян кхиинчу скрин-шоташна тIехь го цуьнан тоьшаллаш. И скрин-шоташ редакцехь йолуш ю.

Норвегехь вехачу нохчийн адамийн бакъонашларйархочо Гисаев Ахьмада а тIечIагIдира Маршо радионе цу кIентан оьрсашца уьйраш хилар меттигерчу Iедало а хьахийна хилар. Ша Iиса башха вевзаш вайнехан диаспорехь дукха нах бацахь а, амма цуьнан гергарлонийн и башхалла Норвегехь бехачу вайнахана евзаш яра элира цо.

Гисаев Ахьмад: „Цхьана гIуткхи чохь оьккхуьйтург а йолуш вогIуш цхьа стаг гина шекваьллачу меттигерчу вахархочо полице арз дар бахьана долуш лаьцна иза. IЕдало цкъачунна хаийтинарг иза Оьрсийчуьра хилар ду. Вуьшта цу кIантах шех аьлча, иза башха кхузахь цхьанге вистхуьлуш я уьйраш лелош вевзаш вац. Цунах лаьцна олуш дерг, иза оьрсийн къомахчу нахаца контакташ лелош хилар ду. Вуьшта иза, бакъедерг аьлча, вочу агIор вуьйцуш вац кхузахь. Цкъачунна цигахь хилларг муха хIун дара бохург билгал ала хьалхехь ду.“

Цу кIантана шен куьйга бомба ян а, юха иза Осло юккъехь маьрша нах лелачу меттехь йита а хIунда дагдеана а, цо иза хьенан дехарца я омрица дина бохург цкъачунна къаьстина дац. Норвегин прокуратурин векало Аалинг Сигнес леринчу пресс-конференцехь тIечIагIдира, талорхо Оьрсийчуьра хилар а, цуьнан оьрсийн паспорт хилар а, амма иза муьлхачу къомах ву ца хьахийра цо. Цо иштта элира, жимчу стагана бехке дуьллуш дерг легале а доцуш оьккхуьйтургаш яр а, эккха молханца манипуляцеш лелор а, юкъараллин кхераме хьал кхоллар а ду аьлла. Оцу бехкаца Норвегин низамашца I5 шаре кхаччалца набахтехь яккха хан тоха йиш ю.

Нагахь санна ша лаьцначу мIаьргонашкахь потенциалечу террорхочо ша шех Исламан пачхьалкхе олучу ДаIиш тобан идеологи нийса хеташ ша хилар гайтина аьлла хаам баьржинехь, жимма тIаьхьо цу кIентан адвокат йолчу Сигмонд Каринес иза дерриге а дацаре дира. „Сан клиенто ша бехке хилар тIе ца оьцу. Цо ша радикале а вац боху, я исламхо а вац боху. Иза ДаIишна а, радикалечу исламхошна а дуьхьал ву“, - элира цо журналисташка, цу кIанта кечйина бохуш йолу бомба вуно лахар ницкъ болуш а, цхьанна а зе дан гуьнахь йоцуш а хилар тIе а тухуш.

Цу юкъана Норвегера полисхой лаьцначу 17 шо долчу гIалгIачун уьйраш толлуш бу, цуьнца бомба кечйеш цхьа а декъа хиллий-те бохург къасторхьама. Маршо радион хьостано чIагIдарехь, цу контакташна юккъехь доккхачу декъехь оьрсийн къомах нах бу. Царех цхьаболчаьрца хIинцале а хеттамаш дIабаьхьна меттигерчу Iедалхоша.

Оьрсийн Норвегерчу векалтин белхахошца а цхьаьнакхетар дIадаьхьна цу пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн векалша. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло шен Фейсбукерчу агIонна тIехь оршот дийнахь бинчу хаамца, цаьрга Норвегин агIоно хаийтина лаьцнарг Оьрсийчоьнан оллалехь волу стаг хилар.

XS
SM
MD
LG