Дханчу Шинарин дийнахь Дагестанехь вийна гоьваьлла вевзаш а, махкарчу бусулбанийн хьалханча а хилла шайх Афанди СаьΙид а, и волчу веъна хилла ялх хьаша а. Маситта стаг лазийна. Мехкан полицерчу хьостанаша дийцарехь, ЧΙикъап-юьртахь, шайхан цIа чохь эккхийтар дина.
Иккхинарг, шайх волчу зерат дан еанчуха, цунна герга кхаьчна хилла зуда-шахΙид ю, Дагестанан полицино хаам барехь.
Дагестанехь вийначу суфийн бусулбанийн лидеран метта хиллачу Саьlид Афанди Арцаевна хlоттийна тезет
6
Дагестан - Эзарнаш нах гулбеллера Кхаарин дийнахь а Саьlид Афанди Арцаевна Керла Чиркей эвларчу маьждигехь хlоттийначу тезете, 29Мар2012
7
Дагестан - Керла Чиркей эвларчу кешнашкахь, хьастагlа вийначу Саьlид Афанди Арцаеван, ханна хlоттийна тlулг болчу коша тlехь, 29Мар2012
8
Дагестан - Эзарнаш нах гулбеллера Кхаарин дийнахь а Саьlид Афанди Арцаевна Керла Чиркей эвларчу маьждигехь хlоттийначу тезете, 29Мар2012