ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швецехь Узбекистанехь вина стаг лаьцна


Швеци -- Стокгольмехь масех стаг верна а, лазорна а шеконехь волу стаг, Охан-бутт 7, 2017
Швеци -- Стокгольмехь масех стаг верна а, лазорна а шеконехь волу стаг, Охан-бутт 7, 2017

Швецин прокуроро Ирман Хансас чIагIдарехь, мехкан низамхоша пIераскан дийнахь терроран акт Стокгольмехь ярна шеконехь волу лаьцна стаг Узбекистанехь вина 39 шо долу стаг ву. Иза бехке лору Охан-беттан 7-чу дийнахь киран машенца 4 стаг верна а, 15 герга стаг лазорна.

Швецин кхерамзаллин сервисаша хаамбарехь, и стаг кхераме санна лоруш вацара мехкан низамхоша тIаьхьарчу хенахь, хьалхо цунах церан шеконаш хиллехь а.

Кхерамзаллин сервисийн хьаькамо хаийтарехь, мехкан сервисаш кхечу пачхьалкхан сервисашца цхаьна болхбеш ю хилла теракт талларехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG