ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсо: "Эшамо дегнаш лазадаьхна церан".


Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Швецин телегойтийлина евзина Европан Цхьаьнакхетараллин иччархоша гулйина къайлаха информаци – цо хоуьйту, мила ву Европера нохчий байъа киллерш арабохучарна тIехьа лаьтташ. Цхьана декъанна сюжето дуьйцу 2020 шеран Чиллан-баттахь нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона Евле гIалахь дина тIелатар талларх лаьцна. Журналисташа хоуьйту Швецерчу къайлахчу сервисаша нохчочунна кIелоярх долу жоьпалла президентанна Путинна тIедожош хилар. Оьрсийчоьнан официалан векалша тIе ца битина и бехк.

Журналисташа динчу жамIаца, Абдурахманов а, Нохчийчуьра схьабевлла кхиболу блогераш а мехах байъа нах хьийсораш бу церан даймахкара. Нохчийчоьнан зорбан а, информацин а министр Дудаев Ахьмад реза ца хилира репортерийн хеттаршна жоьпаш дала.

КхидIа документо дийцарехь, Оьрсийчоьно а, Нохчийчоьно а караберзийна кхел а йоцуш нах Iхаллакбен гIирс: хьахош ду, масал далош, Росгвардин леррина дакъа (СОБР) "Терек" – авторшна хетарехь, "нах байъар кечдан а, кхочушдан а таро ю" цуьнан.

Кавказ.Реалиина ша еллачу интервьюхь Абдурахманов Тумсос дийцира шена оцу талламо далочу жамIех а, кIело йинчул тIаьхьа шен дахарехь хиллачу хийцамех а лаьцна.

– Муха йийр яра ахь комментари оцу талламна?

– Кхоччуш дика бина журналистийн болх наггахь бен ца хаало. Со реза ву. Журналисташ Соьлжа-ГIала баха а, информацин министр ган а церан аьтто балар тамаше ду, лараме ду.

Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

– Хьуна кIело йинчул тIаьхьа муха хийцаделла хьан дахар?

– Ши шо гергга хан яьлла. Суна тховкIело елла, кехаташ схьа а эцна ас. ХIинца гIеххьа паргIат ву, маьрша дIасалела а йиш ю. ГIолехьа ву со хIинца. МухIажиран статусехь ву со Швецехь.

– Хьуна тIелатар динчул тIаьхьа хIун хиламаш баьхкира?

Суна аьтто бира ас киллер, тIе камера а ерзийна, оццу сахьтехь, оццу меттехь видео тIе дIаязваро. Цунах баккъал а бехк баккха бух хилира.

Юьхьанца зулам динчун статусехь верг со вара, амма уьш кхийтира эшам лайнарг мила ву

ТIелатар динчул тIаьхьа оцу стага аьллачу хьалхарчу дешнех беза бух хилира кхелехь. Видео бахьана долуш, кхелахой кхийтира айдинчу бехктакхаман гIуллакхехь жоьпалле озо везарг со воцийла. Юьхьанца зулам динчун статусехь верг со вара. Уьш кхийтира эшам лайнарг со вуйла, кхо де-буьйса даьлча со изоляторера араваьккхира.

Кхузахь кхетийла ду полисхойх: уьш чубовлу, го цIийша вуьзина Iаш ши стаг. Цу тIе, тхойша дIавуьгуш, киллер гуттар а вочу хьолехь вара – тиларчохь вацара ала а тарлуш. Хан ийшира полисхошна, мила хьанна тIелетта хаа. Юьхьанца бехке хетара царна тхох ший а, амма уьш сиха тIаьхьакхиира хиллачунна. Ас яьккхина видео бахьана долуш юха а. Уьш ишта а кхетара бара бан-м, делахь а, тIаьхьакхиале алссамо хан такха дезар дара сан изоляторехь.

– Хьуна тIелеттарг цхьа хьанех Мамаев Руслан ву. ХIун ду таханенна цунах лаьцна хууш? Мила ву и стаг, хьаьнца хилла зIенехь?

– Швецерчу набахтехь ву иза хIинца. 12 шо делла цунна. Дареш делла цо таллам боьдуш а, кхелан кхеташонехь а. Цо шена хуург дерриг дийцина. Декъашхой а бовзийтина. Шиъ ду бехкединарг. Юкъарлонехь цхьа зуда а хилла цуьнца. Юьхьанца со вен бинчу кечамехь дакъалацарна бехкейира иза, юха хицира бехк – тIелатар деш накъосталла дарна. Иза шена тоьхна хан текхна а яьлла, маьрша ю. Кхин цхьа стаг а ву – Хасханов Iимран. Иза гергахь а воцуш лаьцна ларалуш ву, лохуш ву карарчу хенахь. Швецерчу журналисташа Нохчийчуьрчу Шалажехь лоьхург иза вара.

– КхидIа муха бу Мамаевн кхоллам?

– Иза лелаш долчу низамнашна кIел ву: цо миграцин урхалле тховкIело ехн шена. Ца елла, Дублинерчу сацамца а догIуш – тховкIело йоьхург дIахьажаво ша схьавеъначу пачхьалкхе. Цуьнан Италера виза ю, цундела цо дина дехар листа дезарг и мохк бу, цунна цига депорт ян еза. Амма иза набахтехь ву, Швецехь токхур ю цо шена тоьхна хан. И хан дIайолучу кхаьчча хIуттур ду иза стенга вахьа веза боху хаттар.

Нагахь санна цо дина дехар кхочушдахь, кхузахь ваха йиш хир ю цуьнан

Гарехь, бархI шо даьлча цо юха а йоьхур ю кхузахь тховкIело. Цунна 12 шо хан тоьхна, амма Швецерчу низамаша тоьхначу хенан ши дакъа чекхдаьлча дIавохуьйту набахтера цига дуьххьара кхаьчнарг. Мукъаволлушехь, депортацин лагере кхачор ву иза, тIаккха Швецино кечйийр ю цунна могIарчу мухIажирна кечъеш хуьлу кейс. Нагахь санна цо дина дехар кхочушдахь, кхузахь ваха йиш хир ю цуьнан.

– Мамаевн гIодина зуда хьахийра ахь, цуьна цIе яц Европерчу прессехь йоккхуш. Иза мила яра эр дарий ахь?

– ПарггIат мегаш ду цуьнан цIеяккха. Иза Шапиаева Эльмира ю. Киллеран накъост а, соьгахь марехь хилла зуда а ю иза.

– Иза стенгахь ю хIинца? Бинчу талламо бахарехь, ший а арадоккхур ду махкара.

– Францехь яха елла бакъо яра цуьнан, цигахь хила тарло иза, амма суна ца хаьа цунах кхидIа хилларг.

– Стена лаьцна цо хьо вен гIоьрташ дакъа, иза хаьий хьуна?

– Вайшимма иза кхин хьехор дац аьлла хета суна. Сох сайх доьзнадерг дуьтур вай.

– Хасханов Iимран вевзий хьуна?

– Ас сайна кIело йинчул тIаьхьа теллина иза мила ву. Москвахь ваьхна иза, "Президент-отелера" стаг ву. Иштта олу Делимхановца [Адамца, Пачхьалкхан Думин депутатца] цхьаьна кримнална герга лаьттачу, коллекторийн бизнесехь дакъалоцучу нахах. Бераллехь дIавахна, Омскехь ваьхна иза цул хьалха.

Суна ца моьтту, Кадыров Путин волчу вахана я цо цуьнга телефон тоьхна сан цIе а йоккхуш

Дудуркаев Iусмана гергара ву иза (иштта вевза Роман Кузнецов. – Прим. ред.). И стаг лецира Соьлжа-ГIалахь ФСБ-но. ХIинца Лефортово изоляторехь латтош ву. Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатан Делимханов Адаман хьехамча ву Дудуркаев. Бозбуанчаллаш лелорна лаьцна иза. Хетарехь, цуьнгахула вевзина Хасхановна Делимханов, иштта кхаьчначух тера ду "Президент-отелерчу" тобане.

– Хьо вен нах арабаьхнарг мила хета хьуна?

– Кадыров Рамзан, шеко а йоцуш.

– Швецерчу талламо бахарехь, Путин Владимирна тIехь бу хьо вен гIортарх болу бехк. Иза мел бакъдо ахь?

– Суна ца моьтту, Кадыров Путин волчу вахана я цо цуьнга телефон тоьхна сан цIе а йоккхуш, аьлла. Путин, ша Оьрсийчоьнан президент хиларе терра, Оьрсийчоь а, пачхьалкх санна, ю бехке. И санна болу болх Оьрсийчоьнан официалан белхахоша бо. Цхьа а шеко яц Путина Кадыровна пачхьалкхехь а, цул арахьа а и санна долу зуламаш дан санкци елла хиларх.

Оцу могIарара ду Германехь Хпнгошвли Зеламха вер, масала. Алалур дуй вайга, Путина ша дина омра? Дац аьлла хета суна. Амма Путина ФСБ-хошна санкци елла Оьрсийчоьнал арахьара шен оппоненташ байъа. Хила тарло цхьа меттигаш Путина шеггара буьйр деш, масала, Навальныйца доьзна. Хетарехь, цуьнан лаам бу кхочушбийриг. Ткъа со санначаьрца лелш юкъара цхьа кеп хир ю-кх.

– Хьуна хьайн дахар кхерамна кIел ду хIинца а аьлла хета?

– Дера хета, ас даима а бо сайн кхерамзаллин гIайгIа. Иза сан дахаран могIара хьал ду. Кест-кеста кхочу Швецин низаман урхаллашка цхьаца информаци, иза цара толлу. Дерриг ма-дарра дуьйцийла дац – конфидициалехь ду, амма кхерам суна тIаьхьабаьллий лелаш бу. Швецехь вуно кхетаме ю низаман урхаллаш. Цара тергалйо муьлхха а информаци, гIо кховдадо.

–Оьрсийчоьнан официалерчу векалша харцдо хьуна йинчу кIелонца шайн зIе ю бохург. Ахь хIун эр ду?

– Эр ду, уьш логика йолуш бу. Тамаше хир дара цара "бехк ма билла, уьш тхо дара, аьлча". Кхин жоп даларе сатийса а ца оьшу.

Стенна ца соцу Кадыров Рамзана хьуна тIаьхьаваьллачуьра?

– Иза сацийта, цуьнан куьйгалхоша дош ала деза, амма цара эр дац. Царна мега иза, цундела иза марсаволуш ву. Соцур вац иза ша лелочуьнга болу хьажам Кремлехь хийцабаллалц.

– Хьуна муха хета, ахь хьайн масалло еллий-те прецедент Европерчу мостагIашна тIаьхьабевллачарна?

Со вен гIортарх гIуллакх ца хиларо репутаци эшийна церан, иза меттахIотто хьовсур бу уьш

– Суна иза мелхо а кхечу кепехь го. Со вен гIортарх гIуллакх ца хиларо репутаци эшийна церан, иза меттахIотто хьовсур бу уьш. Совбаьлла уьш тIелатарна болу кхерам. Цхьаьнхьа гIуллакх ца хиллера олий, ца сацабо цара и некъ. Кортош эгор бу цхьаболучийн, леринарг кхочуш ца дарна таIзар дийр ду кхечарна. ТаIзарна буханисвинарг декхаре вийр ву и гIалат дIанисдан.

Дийнна ши гIалат ду даьлларг: суна а, сан вешина а йира цара кIело. Ца венвелла цаьрга иза Германехь. Киллер лаьцна, шод у таллам боьду, тахана-кхана кхеле дер ду гIуллакх. Уьш шаьш долийнарг чехкдаккха гIоьртар бу, хетарехь. Эшамо деганаш лазадаьхна церан. Тамаше хир дара уьш кхин хIума ца деш севцича.

– Цара Европехь бечу белхан кеп муха го хьуна? Нохчийн диаспорах пайдаоьцу цара я Оьрсийчуьра хьийсабо киллерш?

– Кеп-кепара. Алиев Iимран вийра, Мансур Старый цIе яра цуьнан евзаш. Францерчу Лиллехь вийра иза Нохчийчуьра ваийтинчу стеган гIоьнца. Хьалххе зIеневаьлла иза цуьнца, иза шех тешийна, кIира даьккхина иза волчохь, отеле вахана цуьнца, цигахь вийна цо иза. Ала дашна, парггIат цIакхаьчна, чIир эцна стаг вина цунах, вазвина лелаво Кадыровс. Республикехь иза мехала ду. Инреполан лехамашкахь ву дера иза-м, амма Нохчийчохь мел веха хир яц цуьнан проблемаш. Кадыров Рамзана елла иммунитет ю цуьнгахь

Амма кхин масал ду – Умаров Мамихан вер, вевзаш хилл Венра Анзор. Алиев вийнначу шарахь вийра иза Венехь. Цигахь болх бинарг 2000 шераш дуьйладелчхьана схьа Австрехь веха стаг вара. Ваийтина вацара иза. Иза бухара вара, дукха хан яра Умаровца юкъарло лелош волу. Цара кхузахь Европерчу нохчийн диаспорерчу стагах пайдаийцира. Билггал цхьа кеп яц цара лелош. Шайн аьтто берриг леладо цара. Суна хьажийна цара шаьш долчуьраниг. Сан вешица дрег аьлча, цигахь ший а вариант юкъаяьккхина. ГIуллакх кечдийриг – Германера, ткъа тапчан лаг тIетаIориг – Нохчийчуьра. Цара импровизацеш лелайо.

  • Абдурахманов Тумсо – нохчийн оппозицин блогер. Шен видеошкахь цо дуьйцу Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх а, Iедалера дуьйлчу кхечу гIалатийн хьокъехь а.
  • Гезгмашин-беттан 27-чохь Абдурахмановн гергарнаш бехачу Йоккхачу АтагIа кхаьчна 30 гергга герзахо. Цара уьлтиматум хIоттийна: аш шайн стаг саца ца вахь, шуьга чIир кхайкхор ю, аьлла. Цул де хьалха Абдурахмановца телеграмехула эфире ваьлла хилла Нохчийчоьнан парламентан спикер ДаудовМохьмад. Кхерамаш тийсина, грегарчаьргара цунах жоп доьхур ду, бохуш.
  • Абдурахманов Тумсона тIелатар дира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь-чохь а волуш, коьртах жIов тоьхнера цунна иза волчу чоьнаш чувала аьтто баьллачо киллеро. Блогер кхиина полици кхайкха а, шена тIелеттарг, лаьцна, вехка а. 2021 шеран Дечкен-баттахь хилира кхел. ТаIзар динарш бу Оьрсийчуьра.
  • Абдурахманов Тумсон кхел йирзичу Iтаьхьа дира тIелатар Германеру цуьнан вешина Мохьаммадна. Iедалан ницкъаша кIелхьарваьккхира иза. Ша жимчу стага дийцарехь, Кадыров Рамзанан шича шех олучу Эдельгериев Пахруддина тIедиллина хила иза вен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG