ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абрамович Роман хIоьттина Португалин уггар хьал долу гражданин


Роман Абрамович, 14 миллиард евро мах болчу хьолан да

Португалерчу Público радионна, таллам а бина, гучудаьлла Оьрсийчуьра миллиардер а, Британин "Челси" футболан клубан долахо а волчу 55 шо долчу Абрамович Романна Португалин махкалла делла хилар, иза сефардин жуьгтийн юкъарлон тIаьхьенех ву аьлла (кхузаманахьлерчу иврит маттахь "сефардаш" боху дош "испанхой" бохург ду).

Публикацин авторо дийцарехь, Португалин гражданин хIоттаран процесс яхйелла хилла эхашарахь сов. Журналиста боху, Абрамовична натурализаци йина документ гина шена.

"Абрамович Португалин махкахо хIоьттина хIара шо долалуш, "португалхойн "ЦIаберзарах лаьцна низам" бахьана долуш. Оцу низамо бакъо ло сефардийн жуьгтийн тIаьхьенашна а (Испанера а, Португалера а схьабевллачу нахана), конверсо жуьгташна а (нуьцкъала керстан дине берзийначу жуьгташна) Португалин гражданаш хила", - дийцина РБК зорбан гIирсана Абрамовичана юххерчу хьасатано.

14 миллиард евро барамехь бахам болу Абрамович уггар хьал долу стаг хIоьттина Португалехь, аьлла ду Público зорбан гIирсан талламехь.

Британехь вехаш волу Абрамович виза яхъярца халонаш а хилла ваха хиира Тель-Авивехь , 2018-чу шарахь. Цунна израилхойн паспорт делира цIаберзарх лаьцначу низамца догIуш ма хиллара.

Дуккха а пачхьалкхашкахь йолчу жуьгтийн юкъараллийн проекташна жигара ахча латтош ву Абрамович Роман. Оьрсийчохь иза жуьгтийн Федерацин юкъараллийн сагIа дIасадоькъучу кхеташонна а, Жуьгтийн музейна а коьртехь ву. Público яздарехь, тIаьххьарчу хенахь Абрамович юкъаметтигаш дIакхоьхьуш вара Португалехь Порту гIаларчу жуьгтийн юкъараллица.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG