ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абу-Дабехь лата кечлучу Чимаев Хьамзатана гIортор йина Нурмагомедов Хьабиба


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

UFC-н хиллачу латархочо Нурмагомедов Хьабиба гIолаьцна нохчийн спортхочун Чимаев Хьамзатан, Китайрчу латархочуьнца Цзинплян Лица иза лата кечлучу юкъанна.

"Чимаевс толам боккхур бу аьлла, хета суна. Суна ца хета, Хьамзатан прессинг, латар, грэпплинг а оцу кIанте [Цзинлян] сацалур ю аьлла", - дIахьедина Нурмагомедовс.

Чимаев а, Цзинплян а летар ву UFC-н турнирехь карарчу беттан 30-чохь Абу-Дабехь.

  • Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь нохчийн UFC-н латархочо Чимаев Хьамзата дош делира, дагестанхойн чемпион Нурмагомедов Хьабиб ша "ватIор ву" аьлла. Инстаграмехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIаяьхьначу эфирна бухахь йитинера цо ишта комментарий. Кадыровс "UFC-н проект" ю Нурмагомедов аьллачул тIаьхьа, шен агIор Чимаевс дIахьединера ша кийча хиларх, Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", нагахь цунна "лаахь". ТIаьхьо дIахьедира Чимаевс, шех нийса ца кхеттера, шен ларам а, безам а бу Нурмагомедов Хьабибе аьлла.
  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа. Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).
  • UFC-н чемпионатехь рекорд хIоттийра Чимаевс – 66 денна чохь туьйлира кхузза. Карарачу шеран юьхххьехь критика йира цунна, цо Нохчийчу а вахана, Кадыровца суьрташ а дохуш, цо совгIат йина Мерседес машен схьа а оьцуш хьийзарна. Спортхочо цул тIаьхьа дIахьедира, могуш вац ша, спорт юьтуш ву, аьлла. Амма Зазадоккху-беттан юьххьехь Кадыровс, Швеце кема а хьажийна, Нохчийчу дIавигира иза, даржийра, "Ахмат" клубехь кхидIа а яхлур ю Чимаевн карьера, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG