ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абу-Дабехь UFC 267 чемпионатехь юха а толам баьккхина Чимаев Хьамзата


Чимаев Хьамзат
Чимаев Хьамзат

Абу-Дабехь UFC 267 чемпионатехь латар дIадаьхьна Нохчийчохь винчу Швецера латархочо Чимаев Хьамзата а, китайхо Ли Цзинляна а.

Чимаев тоьлла хьалхарчу раундехь, садукъош кеп а хIоттийна.

ММА-н каьрьерехь Чимаевн иза могIара дIа 10-гIа толамбаккхар дара 10-лагIа латарехь. 18 толам баьккхинчу Цзинлянан иза ворхIолгIа эшар дара.

Латар дIадоладале Чимаевн проблемаш хиллера терзан тIехь иза узуш. Терзана т1ехь волуш шена хьалха лаьцна гата цо схьалацарна. д1алацарна суьдхой шек бевллера цо хьарамлонаш лелош хила мега аьлла.

Чимаевс д1ахьедира Абу-Дабехь UFC 267 турнир йолалуш ша гата схьалаьцнера, Исмаила Мохьмадца реванш д1айолаялале хьалху журналисташа, верзина а волуш, сурт а даьккхина Минеев Владимирца хилларг шеца цахилийта аьлла. Минеев славянин ву, иза банехь хилла ву т1ехь шорташ а йоцуш. Ткъа со нохчо ву, тхо долчехь оцунах Comedy Club йо. Иза нохчийчоь ю: волавала аравер ву хьо массо а боьлур бу. Ларвала веза", -аьлла Чимаевс UFC 267 турнир чекхяьлча хиллачу пресс-конференцехь. Иза терзанца уьйзира доьазза. Ткъа дуьххьара цуьнан дегIан йозалла яра хила магош йолчул а 200 грамм алсам. Цул тIаьхьа цхьана сахьтехь иза вайвелира, турнир вовшахтухучу нехан хаттрш а кхоллалуш. ТIаккха цара дийхира Чимаевга, куьйгаш хьала а дахийтий, озийта хьо аьлла.

"Жимма тIаьхьо дуьйладелира тхо дегIан йозалла лахъян, цундела иза дара жимма… Хала дара эр дац ас, амма тIаьххьара фунташца хало а дара. Цу тайпаниг лайна дацара ас. Даима а атта дIанисйора ас дегIан йозалла. Амма тIаьххьара фунт лахъяла лууш яцара, дIоггара вон хилар суна ца хааделлехь а", - элира Чимаевс.

Зорбан конференцехь Чимаевс комментарий йира Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу Диас Никаца ша лата мегаш хиларх лаьцна.

"Со юхавогIур ву, таккха цхьаъ оха вуьйр ву, цхьаъ дIахьокхур ву. ХIинца тхан бу Диасаш. Ца хаьа, цхьана дийнахь и шиъ ши а хила а мегаш ву сан? Хьовсур ду вай бакъволу гангстер мила ву. Нохчийн гангстер тоьлаш ву стоктонерчу гангстерал а", - элира Чимаевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG