ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Адамийн бакъонаш Iалашъярна" мидал елла нохчийн министрна. Америкехь санкцеш хьехна цунна дуьхьал


Дудаев Ахьмад
Дудаев Ахьмад

Нохчийчийчуьрчу къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбан, информацин министрна Дудаев Ахьмадна "Адамийн бакъонаш Iалашъярна" мидал а, "Оьрсийчоьнан патриот" аьлла, цIе а елла Соьлжа-ГIалахь. Дудаевна совгIатдарх хаамбина "Чечня Сегодня" гIирсо. Цунна мидал дIаелла мехкан омбудсмено Нухажиев Нурдис.

Хьалхо, Нохчийчуьра бахархой "аьшнаш бен" видеон терго йинчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссионо, дуьненаюкъарчу динан маьршонах 2021-чу шарахь зорбане яьккхинчу рапортехь хьийхира Вашингтонна, Нохчийчоьнан зорбанан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.

Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телехьожийлан коьртехь Дудаев Ахьмад волчу заманчохь, махкарчу бахархошка тайп-тайпанчу бахьанашца доьзна телеканалехула кест-кеста гечдар доьхуьйту сюжеташ гучуюьйлура. Дуккха а политикаша, юкъараллийн векалша емалйина практика ю иза, амма еха иза тахханалц.

Камерана хьалха "къурд" аларо пайда бохьу аьлла хета нохчийн Iедалхошна. Нохчийн вице-премьерна Умаров Джамбулата бахарехь, нахана хьалха дIа а хIоьттина гечдар дехар эхье хIума дац, мелхо а, шен сица оьздангалла а, гIиллакх а хилар ду. И практика йоллу Оьрсийчохь яржо еза бохура цо.

Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гIоьнчас, зорбанан министро Дудаев Ахьмада чIагIдора, нохчийн Iедалхоша бертаза цхьа а ца хIоттаво гечдар деха камерана хьалха, хIунда аьлча, низамашкахь магош хIума дац иза аьлла. Иштта бохура цо, цхьа а ца во республикера дIаваха декхаре а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG