ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н комитето тӀеэцна таIзар динчу гӀалгӀайн протестан хьалханчийн арз

ГIалгIайчуьра мтингехь, зазадоккху-бутт, 2019 шо
ГIалгIайчуьра мтингехь, зазадоккху-бутт, 2019 шо

Нохчийчоьнца бина лаьттан бертана дуьхьал ГIалгIайчохь хIиттийначу митингашна тIехула таIзар динчу протестийн лидершкара арз чуэцна Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу комитето. Шай хьастана тIетевжина цунах лаьцна хаамбина "Фортанго". ХӀинца оцу латкъамехула шайна хетарг довзийта декхаре йу Москва, оцу гIуллакхна цунна хан йелла лахьан-беттан 26-чу дийне кхаччалц.

Цу латкъаман авторш бу Чемурзиев Барах а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а. Царна хетарехь, Оьрсийчохь политикан бух тӀехь бехктакхаман гӀуллакх долор бахьана долуш талхийна церан маьрша гулбала а, нийсонца кхел йан а хилла бакъонаш. Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино цаьргара арз чу маца эцна, билгалдаьккхина дац.

"ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкебинарш дуьхьал бевлира Нохчийчоьнца доза хийцарна. 2019-чу шарахь Магасехь хIоттийна митинг йирзира Росгвардица а, ОМОН-ца а тийсадаларш а хуьлуш.

2021-чу шеран дечкен-баттахь кхело бехке лерина 7 протестан лидер - Барахоев Ахьмад, Мальсагов Муса, Ужахов Малсаг, Нальгиев ИсмаьӀал, Хаутиев Багаудин, Чемурзиев Барах, Саутиева Зарифа - Ӏедалан белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна а, экстремистийн тоба вовшахтоьхна, цу йукъахь дакъалацарна а. 7,6 шарна тIера исс шаре кхаччалц хенаш тоьхнера царна набахтехь такха. Кхеле хIиттийначарех цхьаммо а тӀе ца эцнера шайна дохку бехкаш.

Бехктакхаман гIуллакхаш долийра 50 стагана дуьхьал, "Мемориалан" бакъонашларйархоша политикан тутмакхаш бу уьш аьлла, дIакхайкхийра. 200 сов вахархочунна тIедожийра административан гIуллакх. Дукхахберш, шайна кхин дIа а Iедалхоша хьовзам баккхарна кхоьруш, махкара дIабахара, билгалдоккху "Фортангас".

• Марсхьокху-баттахь кхело дихкира "гӀалгӀайн гӀуллакхехула" бехке йинчу Саутиева Зарифина бархI шарна Оьрсийчуьра арайала. Баттахь цкъа чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллина тIе а йоьдуш, куьгйаздан декхарийла а йира иза. Иштта цхьана шарна дихкира цунна муьлххачу а йукъараллин барамашкахь дакъалацар.

• ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу кхелан хиллачу суьдхочунна Бойчук Сергейна 7 шо хан туьйхира коррупци лелорна. Иза вара "ГӀалгӀайн гӀуллакхехула" хиллачу ладегӀаршкахь дакъалаьцнарг.

XS
SM
MD
LG