ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

1ADAT: марсхьокху-баттахь Нохчийчохь мел кIезга а 21 вахархо лачкъийна


Соьлжа-ГIала, Нохчийн республика
Соьлжа-ГIала, Нохчийн республика

Марсхьокху-баттахь Нохчийчохь 21 меттигера вахархо лачкъийна, иштта хаамаш даладо оппозицин 1ADAT боламо. Цара тидам бо, и терахь баккъала долчу хьолехь кхин лекхара хила тарло, бохуш.

Хаамехь цхьаболчу нехан цIерш ялайо: Дашаев Зеламха, Мовлаев Мансур, Докаев Эми, Магомадов Мовсар, Ибрагимов Ислам, Израилов Асхаб, Хасиев Зеламха, Докаев Асхаб и вежарий МингебаевгIар.

Оппозицин боламо хIора баттахь гIардоху республикехь лачкъийначу нахах лаьцна шайн зераш.

  • Кавказ.Реалиино масийттаза хаам бора, лаамхойн тобанаш шайх олуче нуьцкъаха меттигера нах дIабазбарх лаьцна. Цунах лаьцна дIахьедора масех нохчийн бакъоларъяран вовшахкхетарша а, блогерша а - Украинина дуьхьал тIаме хьийсорхьама лечкъочу меттигерчу бахархойх лаьцна хаамаш кхочу цаьрга сих-сиха. Иштта лачкъийначу цхьанна, Эна-Хишкарчу вахархочунна Сасламбеков Шемална (хила тарло, Сосламбеков) ультиматум хIоттийнера: йа набахте, шаьш айдинчу гIуллакхна тIехула, йа Украине воьду хьо аьлла. ТIамтIе ваха реза хиллера иза, цигахь вийна.
  • Дайначу шеран чакхе Нохчийчоьнан Iедална оппозицехь болчу блогерийн, жигархойн дуккха а гергара нах лечкъорца билгалъелира. Уьш дIалецарехь дакъа лоцуш федералан сервисийн белхахой белахь а, Москвано гуттара санна бIаьргаш дIакъовлу оцу гIкллакхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG