Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь лаьцначунна йиттинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун кIантана Кадыров Адамна тIехIитта реза ца хилла ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхой, къоман совгIаташ ца дина цара. Оцу кепара дехар кхаьчнера цаьрга Кадыров Рамзанан администарцин векалшкара, йаздо "Верстка" сайто. Хьалхо 15 шо долчу Кадыров Адамна ГIезалойчоьнан шолгIа лакхара а, Кхарачой-Чергазийчоьнан лаккхара а совгIаташ делира – оцу субъекташна хьалха цо гIуллакхаш дарна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочун векалша дехар дира ГIебарта-Балкхаройчоьнан а, Адыгейн а Iедалхошка Адаман гIо лаца аьлла: оцу регионийн куьйгалхошна хьийхира Кадыровна-жимахволчунна къоман цхьахдолу совгIат ло аьлла, "лакхара мел хуьлу - дикахон ду" олуш. И хаамбина "Верстка" гIирсо Адыгейн Iедалхошна гергарчу хьасташна тIетевжина. Цуьнан дешнаш тIечIагIдина гIирсан шолгIачу хьасто а.
"Версткин" хаамца, Адыгейн куьйгалхо Кумпилов Мурат "чолхечу хьолехь нисвеллера": нохчийн Iедалхошна дуьхьалвала а, йа Кадыров Адамца хиллачу историна йукъагIерта а ца лаьара цунна. ХIунда аьлча, "цхьа маьIна долуш" федералан центро бен цуьнан мах хадор бац.
Адаман Журавельца нисделлачу хьолехь Кремлехь берш "бист ца хуьлу, йа новкъарло а ца йо", чIагIдо "Версткин" хьасташа, Кадыровн кIантана совгIат де боху инициатива Москвара йац, Соьлжа-ГIалара йу боху цара. Москвана "ца тов" Кадыровн-воккхахволчун иштта жигаралла, амма йукъагIорта дагахь бац цигахь, чIагIдо гIирсаца къамел динчара.
ГIадужу-беттан 24-чохь ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама шен куьга дIайелира Кадыров-жимахволчунна ГIезалойчоьнан "Дуслык" йеза орден – "къаьмнашна а, динашна а йукъара барт, машар а чIагIбарна".
КIира хьалха мехкан Пачхьалкхан кхеташонан депутато Хамаев Азата массарна а хьалха дIахIоьттина, Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь 19 шо долчу Журавель Никитина йиттинчул тIаьхьа Кадыров Рамзана шен кIантана Нохчийчоьнан Турпалхочун седа баларна ша реза цахилар дIахаийтира. ТIаьхьо Хамаевс бехк цабиллар дийхира, цо ма-аллара, "вежараллин къаьмнийн йукъаметтигашна зен дийр долу" шен "эмоционале къамелана".
ГIадужу-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долчу кIантана Адамна "Кхарачой-Чергазийчоьнна динчу гIуллакхашна" орден йелла – регионан лакхара совгIат ду иза, шина дийнахь жимахволчу Кадыровна делла шолгIа совгIат а ду. Орден йукъайаьккхина 20I3-чу шарахь. Омраца а догIуш, иза кхачош йу 20 шарахь шен говзаллехь кхахьегначу бахархошна, цул хьалха пачхьалкхан кхин а цхьа совгIат цунна дина хиллехь, йа сийлахь цIе лелош иза велахь.
- КъорIан дагийна аьллачу шеконашца Журавель Никита лецира стигалкъекъа-беттан 21-хь. Талламан комитетан куьйгалхочун Бастрыкин Александран тIедилларца, гIуллакх билггал Нохчийчу дIаделира, шаьш "зен хилларш ду аьлла, дуккхаъчу Нохчийчуьра бахархоша дехарш дарна" аьлла, кхетийра цо цунах.
- Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь Журавель Никитина йиттира 15 шо долчу республикан куьйгалхочун кIанта Кадыров Адама. Журавеля ша дIахьедира цунах лаьцна. ГIалужу-беттан 25-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-канале хIоттийра Журавельна йетташ, дIайазйина видео. Шен кIанта динчух дозалла до ша аьлла, дIахьедира Кадыровс Рамзана.
- Нохчийчуьрчу полицино дуьхьало йира бехкзуламан гIуллакх доло – Нохчийчоьнан куьйгалхочун 15 шо долукIант жоьпалле озон йиш йац, иза дукха жима хиларна аьлла.
- Кадыров Адамна Нохчийчоьнан Турпалхочун цIе йаларх гIадужу-беттан 6-чохь шен телеграм-каналехь хаийтира Пачхьалкхан думин депутато Делимханов Адама. Цо дIахьедира кхиазхочо дешарца а, спортехь а кхиамаш бахарх, хастийра иза дика кIант ву аьлла, амма совгIат хIун динчунна делла, билгал ца даьккхира.