ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Талибанан" тIелатар бахьанехь даржех бевлла хьаькамаш


100 салти а вуьйш, Iедалан эскаршна «Талибан» боламо тIелатар динчул тIаьхьа тIеман министро а, инарла штабан куьйгалхочо а шаьшимма даржаш дуьтуш хилар дIахаийтина ОвхIанистанан президенте Ашраф ГIанига. ОвхIанистанан президентан офисо Твиттерехь бинчу хаамашца, тIеман министран Хьабиби Iабдуллан, инарла штабан хьаькаман Шахьим Кадам Шахан мукъабовлар бакъду.

ПIераскандийнахь овхIанхойн тIемалойн барзакъ а дуьйхина, «Талибан» тобан декъашхоша Iедалан эскаро куп тоьхначу дозаннна чоьхьа а боьвлла, эскархошна тIе герзаш диттинера, уьш рузба а дина маьждигчуьра арабовлучу заманчохь.

Беллачийн бакъдолу терахь билггал хууш дац. ТIеман министраллан зерашца, бIе вийна а, лазийна а ву.

Цхьадолчу зорбанаша бахарехь, 130 стаг ву вийнарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG