ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун ницкъаш бу ОвхIанистанан Iедал лардеш?


ОвхIанистан - Iедалан белхахой а , полисхой а толлуш бу Кабулехь дина эккхийтар, 29Гез2007
ОвхIанистан - Iедалан белхахой а , полисхой а толлуш бу Кабулехь дина эккхийтар, 29Гез2007

ОвхIанистанерчу кампанин кхерамзалла ларъяр нехан долахь долчу къепе латторан дакъошкара пачхьалкхан тIеман ницкъийн карадала деза зама кхаьчна, аьлла хета меттигерчу политикийн, куьйгалхойн цхьана агIонна. Муха хIоттаелла ю ОвхIанистанера кхерамзаллин система, хIун таронаш ю цигарчу Iедалан ницкъийн. Оцу хьокъехь ю Маршо Радион корреспондента Сиддикъи Абубакара араяьккхина артикл.


ХIун хатI ду ОвхIанистанан юкъарчу, Iедална муьтIахь, цуьнан куьйга кIел болчу кхрамзаллин ницкъийн?

Пачхьалкхан хьукматашна, бахаман дакъошна хадеш йолчу урхаллана тIехь ду Iедал лардар а. Цуьнца цхьаьна ду пачхьалкхехь, цхьана нехан долахь а долуш, коммерцин буха тIе а даьхна долу, меттигашна ха ден дакъош а. Амма пачхьакхан кхерамзаллех уггаре хьалха жоп дала догIу оцунна лерина яккхий харжаш а еш латточу урхаллаша.

Оцу хьокъехь хIинццехь ойла ян декхаре хилла Карзай Хьамидан Iедал, Iаьмиркан эскарш махкара дIадаха дисинарг ши шо а дацаре терра.

Ша хаттар ОвхIанистанан Iедална хьалха цIеххьашха хIоьттича санна делахь а, кху деношкахь дирзина хила дезаш дара кхерамзалла ерриг а Iедалан структураша шайн караэцар. Амма цунна дукха меттигашкахь бина кечам бацаре терра, шина-кхаа баттана тIехьататта дезна могIарчу доларчу хадаран дакъойх пайдаэцар. Ткъа, кхеташ ма-хиллара, ха дан дезаш нисло маьрша йоцчу ОвхIанистанехь дуккха а меттигашна а – Iедалан гIишлошна тIера махкахула дIасакхоьхьучу киран биста кхаччалц.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министран пресс-секретара Сиддикъи Сиддикъа дийцарехь, цкъачунна Iедало шаьш бечу балхах мукъаяьккхинарг ю 57 долара хаден тоба. Церан болх боьжна Iедалан структурийн белшаш тIе. Цкъачунна Iедалан ницкъаша шайн Iуьналле эцнарг 16 компани бен яц, ткъа 75-ца дIахьош ду дийцарш.

Сурте дуьззина хьаьжча, хийца веза Iедалан ницкъашца арахьара тIеэцна, доларчу хадаран тобанашкахь болх беш хилла, аьлча а, волу 11 эзар хехо. Церан меттана Iедалан структурашка схьаэца кечвеш, Iамо везаш ву, Сиддикъис дийцарехь, I8 эзар белхахо, цкъачунна Iемаш 8 эзар ву.

Сиддикъи: «Доларчу хадаран кампанешкахь болх беш хилла нах, уьш зуламаш дарца билгал ца бевллехь, цуьнца доьзна кхел йина бацахь, керлачу Iедалан дакъошка схьаоьцур бу. Цара лардан дезар ду юкъара низамаш, юкъара кеп».

Бух боцуш дац ша хаттар гIаттар – тIехь ду кхерамзалла латтош йолу нехан долара компанеш дIа а яьхна, церан меттана Iедалера охьа кхерамзалла хIоттор. Карзай Хьамида массийттаза хьахийна ма-хиллара, ОвхIанистане дуьненаюкъарчу организацеша гIонна дIахьежочу ахчанех доккхаха дакъа кхерамзалла кхуллуш дойъу Iедало.

Ткъа лелхийтарш дар, тIалибийн дараш дан болу аьттонаш лахбелла а бац. ХIинца ахча мелла а Iалашдан, ткъа кхерамзалла оьшшучу тIегIантIе яккха гIерта Iедал.

Ду кхузахь кхин цхьа хIума а, хадархойн цхьа дакъош Iедална муьтIахь дацар, къайлаха-къулаха цунна зедеш, тIалибашца уьйрашкахь хилар. И хьал довзуьйту мехкан парламентан декъашхочо Баракзай Шукрис, масала.

Баракзай: «Нисло, доларчу компанеша тIалибашна, уьш шайна тIе ца летарг, ахча луш. Шина а агIонна болх бийраш а бовлу царалахь. Цхьана декъо НАТОн ницкъаш ларбо, вукхара, Iедалан духарш шайна тIехь а долуш, тIелетарш до. Оцо а ло царна ахча даккха некъ».

Гуш ма-хиллара, Iедал ОвхIанистанехь хIоьттина вай бахахь а, и лардан цкъачунна бац кечбина тоъал ницкъаш. Ткъа кестта махкара арахьара тIедаьхкина эскарш дIадоьлхуш хилча, Iедал лардан тоъал гIора ца IаIийча йолуш яц ОвхIанистан.

Иштта бу ОвхIанистанерчу корреспондентан Сиддикъи Абубакаран артиклан чулацам.
XS
SM
MD
LG