ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанан бахархой къинтIера баьхна Нурмагомедовс ша аьллачунна


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

Афганистанан бахархошна хьалха бехказавийла дезна UFC-н хиллачу чемпионан Нурмагомедов Хьабибан. Хьалхо дIахьединера цо, "Оьрсийчоьнна 1000 чакхарма гена долчуьнца шен гIуллакх дац" аьлла. Кху беттан 18-чохь Москвахь Gorilla Energy брендаца контрактна куьйгаздарна леринчу пресс-конференцехь аьллера цо иштта.

Афганистанера цуьнан фанаташ эргIад бахийтинера цуьнан жоьпо, латархочух шайн бIаьрг бадарх яздора цара. Спортхочун инстаграмерчу поста бухахь сийсазе комментареш юьтура овхIанхоша.

Карарчу беттан 23-чу дийнахь Москвахь къамел дечу Нурмагомедовс билгалдаьккхира, политика йийцареян ца лаарна аьлла дара ша ишта, оцу пачхьалкхехь хуьлучуьнца бала цахиларна дацара аьлла. Шена "бовза а бевза овхIанхой, ша уьш лоруш бу" аьлла, дIахьедира цо.

  • UFC-н массо а рейтингашкара дIаваьккхира ийначу кепехь латаран чемпион волу дагестанхо Нурмагомедов Хьабиб, цо шен спортан карьера ерзош хиларх дIахьединчул тIаьхьа. Стохка ГIадужу-баттахь Нурмагомедовс дегIан лахарчу йозаллехь кхозлагIа яьккхира чемпионан титул, эшийра америкахо Гейджи Джастин. И латар дирзича кхайкхийра цо ша профессионалан спорт юьтуш хилар. 32 шо долчу Нурмагомедовс ша эйинчу кепийн летаршкахь волуш дIадаьхьина 29 цхьаьнакхетар, ца эшна цкъа а. Форбсан зерашца, цуьнан бахам бу 12 миллион долларшкахь, хаааме даьккхина "Медузо" (Оьрсийчоьнан Iедалша арахьарчу агентийн тептаре язйина, "Медузан" редакци цуьнца реза яц.-Редакцин билгалдакхар.).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG