ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанан хиллачу вице-президентан ваша вийна тIалибаша


Афганистанан президент пачхьалкхера дIавахначул тIаьхьа цуьнан декхарш кхочушдийриг ша ву аьлла, дIакхайкхийна мехкан экс-вице-президентан воккхахволу ваша Салехь Амрулла вийна "Талибанан" (Оьрсийчохь террорхойн лаьрра, йихкина) гIаттамхоша. Reuters агенталлана тIечIагIдина Салехьан вешин кIанта, иза тIалибаша верах а, цуьнан гергарчарна дIаволла ца магорах а.

India Today гIирсан хаамашца, Салехь Амрулла вийна тIалибашца Панджшерехь хиллачу вовшахтасадаларх. Кабул караерзийначул тIаьхьа и цхьа доза дара тIемалоша дIадаккхаза. Hindustan Times ресурсо хаам бо, Панджшерера Кабуле дIаваха гIоьртича вийна Салехь Амрулла аьлла.

  • Панджшеран чIожахь шаьш толам баккхарх шозза а дIакхайкхийнера тIалибаша. "Талибан" боламна дуьхьаллаьттачу Масуд Ахьмада буьйралла дечу ницкъаша харцбора церан хаамаш.
  • Марсхьокху-беттан 15-чохь схьаяьккхира Кабул "Талиабана" тIом а ца беш. Президент Ашраф ГIани дIавахара пачхьалкхера, маьршачу нехан цIий ца Iанийта аьлла, дIа а хьедеш.
  • 1996-чу шарера 2001-чу шаре кхаччалц схьа дуьйна Афганистанан дукхахйолчу территорийн дола дора тIалибаша. Контрол яр карараделира боламан, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, церан агIончаша а пачхьалкхехь тIеман операци йолийча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG