ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанехь шиитийн маьждигехь динчу эккхийтарехь велла бIе сов стаг


Кундузерчу маьждигехь эккхийтар динчул тIаьхьа
Кундузерчу маьждигехь эккхийтар динчул тIаьхьа

Афганистанерчу Кундуз провинцехь шиитийн маьждиг эккхийтинчохь велла бIе сов стаг, чевнаш йинарш а бу. И хьал гинчара дийцарехь, эккхийтар хилла дахначу пIераскан дийнахь, рузбане нах гулбеллачу заманчохь. Динчу зуламах жоьпалла цкъачунна цхьаммо а тIелаьцна дац. Афганистанан къилбаседанехь ю Кундуз провинци. Таджикистанца доза тоьхна а ю иза.

Масех де хьалха эккхийтар дира иштта Кабулерчу Идгах маьждига чувоьддучохь а. ХIетахь велира пхи стаг. "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобано дина хир ду тIелатар аьлла, шекбевлира.
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарш арадохучу юкъанна Марсхьокху-баттахь "Талибан" боламо караийцира Iедал. ТIаьхьо хаамаш гучубуьйлура "Исламан пачхьалкхан" тобанхой жигарабовларх.

ТIалибаша дIахьедира хьалхо, пачхьалкхехь даIишхой бац бохуш, амма цхьа хан яьлча цара операци йолийра Нангархаран провинцехь тобанна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG