ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афганистанера дIагIо аьлла, кхайкхам бина шайн махкахошка Америко а, Британино а


Афганистан, Герат (Herat), Марс 3, 2021
Афганистан, Герат (Herat), Марс 3, 2021

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Британино а Афганистанера сихонца дIагIо а аьлла кхайкхам шайн махкахошка. Цунах лаьцнаяздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

"Кхерамазаллин хьелаш тидаме а эцна, штат жима хиларна а, Афганистанехь Американ махкахошна гIо дан болу векалаллин аьттонаш дукха ледар бу ур-аттал Кабулехь а", - аьлла ду Кабулерчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн векаллалан дIахьедарехь.

Адамашна ницкъбар алсам долуш ду Афганистанехь оцу махкара кхечу пачхьалкхийн эскарш арадохуш хиларх лаьцна дIакхайкхийначул тIаьхьа.

Талибан боламан тIемалоша тIелатар дина дуккха а кIошташна. Цара шозза шорйина шаьш Iуналла деш хилла территори, дозанца йолу масийтта эвла а, гIала а дIа а лаьцна.

Афганистанан масийтта гIалахь тIемашо бу дIабоьлхуш. ПIераскана дийнахь талибаш дIалецира Нимруз провинцин коьрта гIала Зарандж. Шотдийнахь Талибана шен Iуналле эцна Джаузджан провинцин коьрта гIала Шеберган. Оцу гIалахь вехаш ву афганхойн тIеман хьаькам, маршал Дустум Iабдул-Рашид. Цхьаболчу хаамашца иза Кабулехь хила мегаш ву карарчу хенахь.

Хьахийнчуьра аьлча, Дустум 2015-чу шарахь гурахь Москва веанера Талибанна дуьхьаллатта Оьрсийчоьнера гIо деха. Цига веъанчура маршал кхечира Соьлжа-ГIала а. Цигахь иза цхьаьнакхийтира Нохчийн республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца.

Дустум Iабдул-Рашид цхьаmнакхийтира Кадыров Рамзанца Соьлж-ГIалахь, ГIад. 5 2015 шо
Дустум Iабдул-Рашид цхьаmнакхийтира Кадыров Рамзанца Соьлж-ГIалахь, ГIад. 5 2015 шо

Американ Кабулерчу векалалло шотдийнахь пресс- релиз арахийцира, талибаш тIелатар емал а деш, тIемалойшка, герз деттар а сацийна, машаран дийцарш дIадахьа реза хиларе кхойкхуш.

Талибана хIинцале а кхайкхам бина хиллачу Iедалан белхахошка, шайна юкъахь Нимрусехь а, кхечу провинцешкахь а кхерамазаллин структурашкахь болх бина нах а болуш, "шу кхерамазаллехь ду оьшуш дац махкара довда гIерта" аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG