ХIусамаш йолах пайда эца (аренде) лучу интернет-сервисан долахочо Airbnb компанино ханна чуваха чоьнаш нисйийр ю 20 эзар Афганистанерчу мухIажарна, яздо "Американ аз" портало.
Компанин куьйгалхочо Чески Брайана шен Твиттерехь бинчу хаамца, хIусамаш лур ю мехаза. Цо дийцарехь, цу кепара Airbnb сарвиса яьккхина гIулч жоп ду "карарчу хенахь йолчу уггар йоккхаха йолчу гуманитаран кризисна" делла долу. Чески сатесна ву, кхиболчу бизнесхоша а адамашна гIо дан цу кеппара гIо-накъосталла дийр ду аьлла.
Дан амал доцуш бисначу нахана ханна луш йолчу хIусамех мах дIабала дагахь ю ша Airbnb, делахь а, Ческис билгалдаккхарца, мухIажарш дIатарбан "аьтто хир бацара, нагахь оцу хIусамийн долахоша шайн догдикалла ца гайтинехь". Шен кхайкхамехь цо иштта дехар дира мухIажаршна чубаха хIусам яла луучу нахе, Airbnb сервисе хаийта аьлла.
National Public Radio-но бинчу хаамца, дIадахначу кIиранах Airbnb сервисо, Адам бохамна кӀелхьарадаккхаран дуьненаюкъарчу комитето а, Дерригдуьненан килсийн сервисо а, ткъа иштта HIAS гуманитанан вовшахтохаралло а гIо а деш, чохь Iан эзар меттиг елла афганхойн мухIажаршна.
Иза дуьххьарлера цу тайпа гIуллакх дац оцу компанино динарг. ТIаьхьарчу 4 шарахь Airbnb-но, ханна чубаха чоьнаш а елла, дIанисвина дерриг дуьнентIера 25 эзар мухIажар.
Дуккха а адам Афганистанера арадалар алсамделира, "Талибанан" ницкъаша Кабул дIалаьцчначул тIаьхьа. Ткъа цо хаттар хIоттийра кхоалгIачу пачхьалкхашкахь эзарнаш мухIажарш дIатарбан безаш хиларца доьзна.
Хьалхо Американ президента Джо Байдена хаам бира, шинарин дийнахь 12 сахьтехь 6 эзар гергга стагана Афганистанера эвакуаци ян аьтто баьлла шайш аьлла. Кабулерчу аэропортера адамашна эвакуаци яр дIадерзо дезаш ду кху, Марсхьокху-беттан, 31-чу дийнахь.
Американ Цхьаьнатоьхна Штаташ йоцург Афганистанера мухIажарш тIелаца шаьш кийча хиларх лаьцна хIинцале а хаийтина масийтта пачхьалкха.
Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретара Блинкен Энтонис баркалла аьлла афганхой тIеоьцуш гIо кховдийначу пачхьалкхашна. Царна юкъахь ю Албани а, Канада а, Колумби а, Коста-Рика а, Чили а, Косово а, Къилбаседа Македони а, Мексика а, Польша а, Катар а, Руанда а, Украина а, Уганда а.
Адамаш арадохуш долу кеманаш тIеоьцу коьрта аэропорташ ю Узбекистанера Ташкентехь а, Катарера ДохIехь а, Пакистанера Исламабадехь а. Цигара мухIажираш дIасабуьгу уьш тIелоцучу пачхьалкхашка.