ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ах миллион сом алименташ дала декхарейина нохчийн кхело Австрехь еха Оьрсийчоьнан яхархо


Маркова Ольга
Маркова Ольга

Нохчичуьрчу Дубай-Юьртахь вехачу Магомадов Сайд-Хьасанан шина берана 12 шо долчу Ясинна а, 11 шо долчу Илесна а догIу 441 864 сом алименташна охьадилла декхарейина Белгородан кIоштара Маркова Ольга.

Кхелан кхеташонехь билгалабьккхина ахчанан барам лоруш бу 2014-чу шарера схьа дуьйна, хIора берана баттахь 12 274 сом кхачош. Магомадовн искца 2014-чу шарахь шегара ненан бакъонаш дIаяьхначу Шела-кIоштан кхелан сацамна Марковас бина латкъам теллинера кхелехь.

Берийн дас бахарехь, 2014-чу шарахь дуьйна нана цаьрца ехаш яц, тIейогIуш яц, йа дола деш а яц. Берашна даха меттиг Магомадовца билгалбаьккхина кхело, ткъа цуьнгара ден бакъонаш дIайохуш бина сацам юхабаьккхина.

Кавказ.Реалиин корреспонденте Марковас дийцарехь, бераш лело а, цаьрца зIе дIатаса а цо бакъо къуьйсу бархI шо ду, амма Магомадовс дуьхьало латтайо цунна, берашна гергахь иза сийсазъеш. Къамелдинарг реза яц кхелан сацамна. Цуьнан ший а доьзалхо Австрехь вина ву, иза ша Нохчийчохь цкъа а хилла яц, ткъа къаьстинчул тIаьхьа, зудчо бахарехь, бераш лачкъийнера дас.

Австрин Брегенц гIалин кхелан сацамца Магамадовгара дIаяьхна ден бакъонаш, иза вара царна алименташ дала дезарг. И кхелан сацам кхочушбина цахиларца, нагахь санна, мухIажар лоручу Австри иза вагIахь, лоцур волуш ву.

"Берашна алименташ даха гIерта Магомадов, бераш кхаба гIора дац-кх цуьна. Соьга схьало, делахь, суна алименташ ца оьшу, сайн бераш айса хьалакхио лаьа суна. КIенташца телефонехула зIе хилийта а дуьхьал ву иза… Ненах а девлла бераш, кхачо йоллуш церан доладарх а. Магомадов хIинца доьазлагIа зуда ялош ву, суна хууш дац, уьш хьан кхиош бу", - дIахьедина Марковас.

2014-чу шарахь Нохчийчуьрчу Шелан кIоштан кхело ненан бакъонаш дIаехира Маркова Ольгера.

Дахначу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Къилбаседа Кавказехь зударшца дискриминаци лелош хиларх берана тIехь доладарх кхелан гIуллакхашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG