ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" батальоне сехьабевлла ЧВК "Вагнеран" хилла йолахой тIамна кийча хиларх дIахьедина Кадыровс


ЧВК "Вагнеран" йолахой, гайтаман сурт
ЧВК "Вагнеран" йолахой, гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана видео хIоттийна, "Ахмат" лерринчу декъах схьакхеттачу ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахоша тIамна кечамбеш. "Вагнеровхой" сехьабовлуш бу "Ахмате" аьлла хьалхо дIахьединера цо, амма хууш дац маса стаг ву уьш.

Кадыровн телеграм-каналехь йаржийначу видео тIехь эскархоша кеп-кепара тIеман Iалашонаш кхочушйо. Видеоца хIоттийначу текста тIехь Нохчийчоьнан урхалхочо йаздо "сихйинчу курсах" а, "тIеман ийнахиларх" а. Видео стенгахь йаьккхина йу, ца хаийтина.

ГIадужу-бутт бовш Кадыровс хаамбира "Ахмат" тобане ЧВК "Вагнеран" хилла 170 эскархо схьакхетарх. РогIера тоба йу хIара элира цо, амма ца хаийтира хьаькамо верриг а маса "вагнеровхо" схьакхетта "Ахматах".

Нохчийчохь вовшахтоьхначу "Ахмат" лерринчу декъехь махкара бахархой а санна, пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкара "лаамхой" а бу. Гуьмсера спецназан университет олучу базехь тIеман кечамаш бинчул тIаьхьа кхочу уьш оцу тобане.

ЧВК "Вагнер" Украинехь тIом бечуьра сецира мангал-баттахь, и вовшахтоьхначу Пригожин Евгенийна а, тIеман министраллина а йукъахь цакхетамаш хиллачул тIаьхьа. ЧВК "Вагнеро" мангал-беттан 23-24-чохь герзашца бунт гIаттийначул тIаьхьа, Украинерчу тIелатарехь дакъалоцуш хилла цу тобанара йолахой дIасабахийтира.

  • ЧВК "Вагнеро" бунт гIаттайале хьалха Пригожин Евгенийна а, Кадыров Рамзанна а йукъахь дов иккхира, царна уллорнаш йукъа а гIерташ. Цакхетамаш буьйлабелира царна йукъахь бIаьста – уьш боьзнера тIеман министраллин урхаллина Пригожина критика йарца, оцу заманчохь Кадыровс мелхо а хастийра урхалла а, министр Шойгу Сергей а. Цул хьалха Кадыров Рамзана Пригожин Евгенийх "хьомсара ваша", "бакъволу тIемло", "доггаха лорург" бехира. Цара билгалдоккхура шайн доттагIалла, цхьабоса луьйш хуьлура тIеман министраллин куьйгаллина.
  • Пригожинан доьхначу кеманахь валар "боккха эшам бу йоллу пачхьалкхана" элира Кадыровс, амма цуьнгара делира, вукхунна "йа ца гора, йа ган ца лаьара пачхьалкхехь хуьлуш долчух ма-дарра дерг" аьлла.
  • Эксперташна хетарехь, Пригожин кхалхар пайден дара Кадыровна: ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Нохчийчоьнан урхалхочунна боккха кхерам латтабора тIамехь йолахоша кхиамаш бохуш хиларца – Кадыровн дакъошка хьаьжча. Ткъа бизнес, "импери" ма йу иза, Пригожина Оьрсийчохь новкъарло йан тарлора "Кадыровн империна".
  • Гезгамашин-баттахь ЧВК "Вагнеран" хиллачу йолахочо, "Линза" цIе йолчо дIайазбина хаам баржийра. Оцу хаамехь вевзаш воцчу стаге хьажийна ду къамел, боху къаьмнийн буха тIехь "Ахмат" спецназехь конфликташ лаьтта, хIунда аьлча, цо бахарехь, "боллу оьрсий хьалха туьйсу цара, ткъа шаьш заградотрядаш санна, церан баккъаш тIехьа лаьтта". Оцу тIехула, вагнерхочо чIагIдарехь, эскархошна йукъахь шозза герзаш деттар нисделла. "Ахматан" командиран Алаудинов Аптин адвокат Шапиро Денис талламан комитете ваьлла оцу тIехула.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG