ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат-Грозный" тобанера 121 эскархо верах дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо


Мариуполь, Украина
Мариуполь, Украина

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедина, ОМОН "Ахьмат-Грозный" вовшахтоьхначу дуьйна, кху 23 шарчохь 121 латархо дIакхелхина, аьлла. Амма цо билгал ца даьккхина, царех массолгIа дакъа Украинерчу тIамехь кхелхина. Хьалхо хиллачу хаамашкахь кадыровхой тIеман декхарш кхочушдеш бац, схьадаьхна латтанаш лардеш бу аьлла, дара.

Кадыровн телеграм-каналехь дIахIоттийна хаам бара, цу кадыровхошна кхелхинчул тIаьхьа совгIаташ даларах. Кхечу хаамехь мехкан куьйгалхочо дийцира, "леринчу операцин" (иштта олу оьрсийн пропагандо луларчу пачхьалкхаца шаьш бечу тIамах. - билг. ред) хьалхарчу дийнахь дуьйна"Ахьмат-Грозный" ОМОН уггаре чолхечу меттигашкахь лаьтташ йара аьлла.

Украинехьа тIом бечу нохчийн лаамечеран батальонан декъахоша бахарехь, Оьрсийчоь боккхачу тIамца Украине чуйахчахьана, царна кадыровхой цигахь гина бац. Батальонан тIемлойх цхьамма Очерхаджиев Аслана дIахьедира, кадыровхой "тIом баран кеп хIиттош бу, цара тиктокна видеош йоху, Iалашонна хьажийна доцуш, герз кхуьссу" аьлла.

Карарчу хенахь Кавказ.Реалии сайтана цIарашца вевза ши бIе сов Украинерчу тIамехь дIакхелхина Нохчийчуьра эскархо.

  • Кхиазхочунна гIело йарехь Украинерчу Iедало бехкево "Ахмат-Грозный" ОМОН-ан куьйгалхо, подполковник Бисаев Анзор. Пачхьалкхан леринчу урахалло дийцарехь, 2022-чу шарахь, зазадоккху-беттан йуьххьехь Кадыровн ницкъахочо шен куьйгаллерчу белхалошца цхьаьна Киевск мехкан Бабинцы гIалара лачкъийна, дIавигира кхиазхо. Веран кхерамаш туьйссуш, украинхойн эскараш лаьтта меттиг схьайица бохуш, цунна гIело, йина цара.
  • Нохчийчохь лаьтта Росгвардин декъаш официалехь пачхьалкхан урхалла йуккъе догIу, амма Кадыров Рамзанан куьйгаллехь ду. Украинхойн Iедалхоша "Север-Ахмат" полк Буча, Ирпень, Гостомель гIаланашкара маьрша адамаш дайъарна бехке лору.
  • Кадыровхойн батальонаш схьадаьхна латташ лардеш, лаьтта аьлла зазадоккху-баттахь Кавказ.Реалии сайте дийцира Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан буьйранчас Осмаев Адама, Цо дийцарехь, кадыровхоша тIамах уьду оьрсийн эскархой сецабо.
  • Украинехь тIом болабелчахьана, "тикток - эскарш" аьлла цIе дIайахна кадыровхойн: тIеман эксперташа а, гиначара а дийцарехь, нохчийн эскархой Оьрсийчоьно дIалаьцначу латтанаш тIехь лаьтташ бу. Цигахь цара хьалхо йохийначу гIишлошна герз детташ, видеош йоху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG