ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахмат" стадионан вип-хьешашна шун хIоттош 2 млн сом дойъур ду бюджетера


Кадыров Рамзан ву Путин Владимиран 63 шо кхачарна леринчу "Ахмат Аренехь" хIиттийначу даздаршкахь. 2015-гIа шо
Кадыров Рамзан ву Путин Владимиран 63 шо кхачарна леринчу "Ахмат Аренехь" хIиттийначу даздаршкахь. 2015-гIа шо

Кадыров Ахьмадан цIарахчу спортан комплексо тендер хIоттийна "Ахмат Арена" стадионан вип-меттигашкахь кхача кечбарна лерина. Лаккхара хьешаш ресторанехь санна кхабархьама бюджетера 2,3 млн сом дайъа кийча бу.

Тендерехь ма-ярра юьйцуш ю вип-хьешийн меню. Бовхачу кхачанна юкъахь – нехчаца, томатаца, базиликца котаман накха, тайхойн кепехь кхерзина дуга, картолаца цIен-чIара, бежанан жижгах а, хIоэх а кечбина кхачанаш, бецашца, тIоца а, гIаймакхан эспусмаца, мерза бурчаца бежанан жижгах йина кегийра рулеташ а. ТIекхоллурш ю тендерехь юьйцуш: масех нехчан ассорти, шайн декъехь еттина гIаммагIа, фисташкийн подарца а, пастаца а камамбер нехча а йолуш. Хьешашна иштта кечйина хир ю кхерзинчу цIен чIаран салат а, баклажанах дина кIадал а, багетах йина чипсаш а йолуш москалан жижган салат а, лацио салат а, тIаккха мерзачу кхачанах – фисташкаца а, цIекомарца а, цIен цIазамца мельфе йолуш меренгован рулет, иштта лимонаца чуда а. Стоьлаш тIехь "Серноводская" минералан хиш хила деза.

Кхача кечбан беза (уггар дукха) "Ахмат Арена" стадионан лаккхарчу ярусера вип-меттигашкарчу 265 хьашанна, церан декъехь республикан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лерина йолчу вип-меттигашкара 29 хьаша а ву. Тендеран тIедилларшкахь къаьсттина билгалдаьккхина ду официантийн духар – лакхара духар – кIайн, лахараниг – Iаьржа, "духарехь заказ йинчун корпоративан беснашца йогIуш билгало а йолуш". Оцу эцаран жамIаш хIинца а хиттийна дац.

Дагадоуьйту, 3,5 миллионна стадионан вип-меттигашкахь кхача кечбарна лерина хьалха хIоттийна тендер чиллан-баттахь дIаелира. Цул хьалха 6 млн сом гергга тендер хIоттийра 2021-чу шеран чиллан-баттахь. Къовсаман цхьаъ бен воцу декъашхо туьйлира цигахь – Нохчйчоьнан Соьлжа-ГIалин кIоштера Галнера "Конселор-95" компани. Оцу компанино "Ахмат Арена" стадионан вип-меттигашкахь гIуллакхаш дарна лерина йолчу тендершкахь толамаш дехира 2020-чу шарахь.

Адамийн бакъонаш талхорна Кадыров Рамзанера а, цуьнан гонера а бехкаш дахарна Американ санкцийн тептаре яьккхина ю "Ахмат" спортан клуб. Республикехь дуккха а нах лечкъор, Iазап латтор, низамехь доцуш нах байъар ду дуьйцург.

  • Нохчийчоьнан пачхьалкхан урхаллин тIедилларкахула йолчу Кхеташоно 2021-чу шарахь ялх контракт тIечIагIдина адамийн бакъонехула долу хаарш совдаха хьажийна барамаш хIиттор. Дерриг вовшахтоьхча оцу Iалашонна дайъинарг ду ворхI миллион сов сом. Иштта, охан-баттахь хилла тендер лерина яра "Адамийн могушалла Iалашъяран а, лоьрийн гIо дIакхачоран бакъонаш ларъеш кхочушъяр" цIе йолу горга стол хIоттон а, иштта "Адамийн бакъонаш хаамийн гIирсашкахь. Бахархойн бакъонан культура ойъуш хаамийн гIирсийн гIуллакх", "Европан адамийн бакъонийн а, маршонан конвенци" семинараш вовшахтоха а, "Адамийн бакъонехула журналистика" цIе йолчу хаамийн гIирсашна лерина мастер-класс хIоттон а Iалашонашца.
  • Товбеца-баттахь Ростован регионерчу политикан а, яккхийрачу коммуникацийн а министралло 11 тендер хIоттийра 84 млн соьманна. "Шуьйрачу хаамийн хьокъехь гIуллакхаш лелорна" лерина яра иза. Донерчу казакашна пиар еш хьийзар ю меттигера массочу кепара зорбанаш – газеташна а, сайташна а тIера телехьожийлана а, радиона а тIе кхаччалц.
  • Кадыров Ахьмадан 71 шо кхачарна лерина хIитточу барамийн план тIечIагIйира Нохчийчуьрчу Iедалхоша – цу юкъахь нисъелла 364 кеп-кепара акцеш, жамаIатан ламазаш а, социологин хаттам а, чIерийлецархойн къовсам а.
  • Ставрополан махкарчу "Машук" кегийрхойн форумана 50 млн сов ахча дайъа план ю кху шарахь – дайначу шарахьчул а 1,5-зза дукха ду иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG