ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахматан" дакъош Бахмуте дехьадаха пурба доьхуш кехат дахьийтина Кадыровс Путине


Ukraine, Mariupol. Members of the SOBR "Akhmat".
Ukraine, Mariupol. Members of the SOBR "Akhmat".

Нохчийчоьнан урхалхо Кадыров Рамзан вистхилла Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кехатца, "Ахмат" нохчийн спецназан дакъош, оьрсийн эскарш тIелеттачу Украинан малхбалерчу Бахмут гIала дехьадаха пурба ло аьлла. Кехат шен телеграмехь зорбане хIоттийна цо.

"ХIоьттина хьал бахьанехь дехар до хьоьга Оьрсийчоьнан тIеман министрна С.К. Шойгуна а, Оьрсийчоьнан къоман гвардин эскарийн урхалхочунна В.В Золотовна а леррина тIеман буьйранаш дар, "Ахматан" дакъош кхечу меттигашкара схьадахийта", - аьлла ду кехатан чулацамехь. Кадыровс боху, кехат хIинцале а дIадахьийтина ша. И дина цо тIеман субординацин гонашкара а волуш – Украинера юкъара оьрсийн эскарийн тоба тIеман министраллин куьйгаллехь йу.

Хьалхо ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс дIахьедира гIаличуьра арайоккхуш ву ша ЧВК, тIеман гIирсийн къоьлла латтарна, цул хьалха оцу ледарлонна бехкейира цо тIеман министралла а, цуьнан куьйгалхо Шойгу а, вовшахтоьхначу тIеман тобанан буьйралла латтон, Коьртачу штабан урхалхо Герасимов Валерий а. Бехкаш дохкуш видео хIоттийнера цо лаьттахь Iохкучу декъашна хьалха. Уьш берриг а ЧВК-н декъашхой бара, Бахмутехь цхьана дийнахь эгна а бу, дIахьедира Пригожина.

Стигалкъекъа-беттан 6-чохь суьйранна, ЧВК-н тIеман министраллица хиллачу девнах Пригожина ма-дарра дуьйцуш пост хIоттйира. Цу тIехь хаийтира, дуьхьало латторна ЧВК-н могIаршкахь дуккха а баларш ду, церан гонаш дуза шен таро а йац бохуш. ЧВК-н куьйгалхочо дIахьедира, Бахмутера дакъа арадаьллачул тIаьхьа, нагахь санна, шайн аьтто хилахь, тIом бан гIора меттахIоттор ду аьлла.

Пригожина дIахьедо, Бахмут схьайаьккхина ала мегар долуш йу, "Ахматан" ницкъ кхочур бу иза йерриг а карайерзон. Хьалхо "Ахмат" тоба Мариуполе йигира иза схьайаьккхина йоллучу хенахь, украинхойн тIемалоша а, оьрсийн блогерша а чIагIдора, нохчийн спецназо башха эвсаралла ца гойту тIамехь, дуккха а кадыровхой леш бу аьлла.

Делахь а, 2022-чу шеран оханан-беттан 21-чохь, Мариуполь схьайаьккхина аьлла, дIакхайкхийначу дийнахь Кадыровн цхьахволчу бIанакъоста Делимханов Адама дIахьедира, Кадыровн а Путинан а гIала "цIанйе" аьлла, дина омра, шаьш кхочушдина. Цул тIаьхьа масех де даьлча Оьрсийчоьнан Турпалхочун седа белира Делимхановна.

  • Хьалхо Американ масех зорбанан гIирсо, Пентагонера арабевллачу хаамашна тIетевжина, дийцира Пригожинан Шойгуца доккха дов ду, Путин цу юкъагIорта а ийшира аьлла. Оцу конфликтехь толам хьан баьккхира бохучучунна тIехь мах хадор кеп-кепара хилира, амма билгалдаьккхира, Пригожинна министрааллера пайда ца баьлла, цунна оьшург цара йелла йац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG