ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Ахматан" командиран Алаудиновн гергарнаш тIеман гIуллакх деш бу цуьнан куьйгакIел аьхначу хьелашкахь-зорбанаш

Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Элитан батальонехь тылехь гIуллакх деш бу "Ахмат" спецназан хьалханчан Алаудинов Аптин гергара нах аьхначу хьелашкахь, йаздо "Вот Так" гIирсо. Оцу батальонехь йу видеоловзарех ловза таронаш, плазман телехьожийлаш, хIусамаш чохь тIуналла ца хуьлуьйту гIирсаш бу, йу ишта шайн банеш, бедарш йуьтту чоь а.

Хаамийн гIирсо йаздарехь, "Ваха" батальоно куп тоьхна Украинаца долчу дозана мел кIезиг а 20 километар генахь йолчу Белгородан кIоштарчу Борисовка эвлахь. Оцу батальонан буьйралла деш ву Алаудинов Аптин шича Сааев Ваха. 2022-чу шаре гергга иза вара Хьалха-Мартанан кIоштарчу полицин декъан хьаькамн гIовс. Ткъа Украинана тIелатар динчул тIаьхьа Майраллин кхоъ орден йелира цунна. Билггал хIун динчунна уьш цунна йелла, хууш дац.

Цигахь гIуллакх деш бу Сааевн вежарий: Даламбек, ИбрахIим, Суланбек, ишта церан генара гергалонца волу Алауидинов Абкар а, Сааев Зелмаха а. Кхин а пхиъ гергара стаг «Ахматан» кхечу дакъошкахь дIайазвина ву, уьш а бу Алаудинов Аптин шичой. Сааев Рустам хуьлу Алаудинов дIасавоьдучу заманчохь цунна улло ваьлла, ишта Алаудинов Аламбек а, Султан а, вешин кIант Алаудинов Сайд-Рохьман а, Сааев Iусман а.

"Вот Так" интернет- гIирсан журналисташна билгалдаьлла, «Ахмат» командиран гергарчаьрца цхьаьна гIуллакх деш цуьнан доттагIий а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь цуьнца белхаш бина хилла накъостий а хилар. "Ваха" батальнехь цхьана чохь дIатарбо уьш пхиппа стаг, йу цу чоьнаш чохь серло а, хIусамаш йохъйен гIирсаш а бу.

Цул совнах, эскархойн таро йу меттигерчу кафешка баха а, ткъа церан автопаркехь йу китайхойн миччахула а дIалела машенаш а, Tundra II Toyota пикап а. Лелийначу иштачу машенан мах бу 10 миллион сом.

  • "Ахмат" спецназехь ахчанаш доху шайгара, Украинана дуьхьал тIемаш бечу эскархошна лур ду аьлла алапаш дIалуш а ур-атталла курхалла леладо бохуш, дийлинчу девнашна йукъахь а йийцира и спецназ. Ахчанца харцонаш лелорна а, дакъошна йукъахь дискриминаци лелорна а бехке баро хеттарш кхуллу оцу хIуманна бехке нохчийн куьйгалла хиларх. Спецназа йукъахь ахчанаш лехьош хиларо гойтуш йу республикера а, йоллу Оьрсийчуьра а раж ма-йарра, билгалдоккху эксперташа.
  • 2024-чу шеран марсхьокху-баттахь Алаудинов Аптис дIахьедира, салтий декхаре бу Оьрсийчоьнан дозана тIехь бечу тIемашкахь дакъалаца аьлла. Ишта жоп делира цо, Курскан кIоштара шайн бераш-салтий схьадаха аьлла, дайша-наноша тIедожорна. Хьалхо Алаудинов бехкевира, салтийн "баккъаш тIехьа лечкъарна" а, царах заградотрядаш а йеш, украинхойн карабахийта хIуманаш лелийна аьлла.
XS
SM
MD
LG