ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алапаш лахара хиларца тIаьххьарчу могIаршкахь нисйелла Нохчийчоь


Соьлжа-ГIала, архивера сурт
Соьлжа-ГIала, архивера сурт

Нохчийчоьнан кегийчу а, юккъерчу а гIаланашкара бахархоша пачхьалкхехь мел а лахара алапаш оьцу, аьлла ду Росстатан зерашна тIетевжина пачхьалкхан "РИА Рейтинг" агенталло бинчу керлачу талламехь*. Аутсайдершлахь нисйелла иштта Къилбаседа Кавказан пхи республика а.

Нохчийчуьра кегийчу гIаланашкарчу бахархойн тIебогIу пайда бу официалехь 24,7 эзар сом – иза 60% кIезиг ду йаккхийчу гIаланашкахь оьцучу алапашца дуьстича. ТIаьхьа йогIу ГIалгIайчоь 26,2 эзар сом алапаца, ГIебарта-Балкхаройчоь (28 эзар), Дагестан (28,6 эзар), Кхарачой-Чергазийчоь (29,5 эзар), ГIалмакхойчоь (30,3 эзар), Къилбаседа ХIирийчоь (30,9 эзар).

Кегийчу гIаланашкахь ду уггар а лакхара алапаш – Чукоткехь (122 эзар сом), Магаданан кIоштахь (116,9 эзар сом).

*Оьрсийчоьнан официалан статистикана юкъадогIу аннекси йинчу ГIирмера а, Севастополера а зераш, иштта оккупаци йинчу Украинан Запорожьен а, Херсонан кIошташкара а, сепаратистийн "ДНР", "ЛНР" олучу меттигашкара а.

Чиллан-бутт юккъе баьллачу хенахь мехкан урхалхо Кадыров Рамзан цхьаьна а волуш, рогIера парламентан кхеташо дIайаьхьира Нохчийчохь. Масех хьаькамо къамел дира цигахь иштта вице-премьер волчу Алханов Адама а цхьаьна – цо дIахьедира, кхечу Оьрсийчоьнан регионашна юкъахь республика борхIалгIачу меттигехь ю дахаран хьелаш эвсара хиларца аьлла. Пачхьалкхан "Стратегин инициативийн Агенталлин" керлачу талламна тIетевжинера Алханов, амма цо билгал ца даьккхира, бахархошка динчу хатттаршна тIехь и зераш деш хилар.Оцу юкъанна эксперташа а, федералан статистикан ларарша а и дIахьедарш харц хилар гойту.

  • Зазадоккху-беттан I3-чохь президенто Путин Владимира Кремлехь тIеийцира Кадыров Рамзан –цхьана шерачохь цу шиннан кхолгIа цхьанакхетар дара и. Кадыровс бахарехь, регион хьалхайаьлла йогIу "Безопасные и качественные дороги", "Образование", "Жилье и городская среда" къоман проекташ кхочушйарехь, иштта "Экология" рейтингехь а. Цул совнах, 2022-чу шарахь Нохчийчохь инвестицийн тIегIа а лакхайаьлла боху.
  • Официалан Оьрсийчоьнан статистикаца а догIуш, стохка Нохчийчоь хьалха йара белхазаллин терахьца а, некъаш тIехь ДТП-хь кхалхаршца а, банкроташ хиларехь а, мехах хIусамаш лаца нехан таро цахиларехь а, хьехархойн алапаш лахара хилар тIехь а, нехан банкашкахь ахчанаш кIезга хиларехь а. Иштта кхин дIа а - алапаш нийсонца хIиттийна цахиларехь, нехан таронаш ледара хиларехь, пенсийн барамаш кегий хиларехь. Ткъа цунах лаьцна Кадыров Рамщана президенте ца дийцира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG