ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДаIишера" хила тарлун нохчийн тIемало низамхойн Iуналлехь витина Туркойчохь


Туркойчоь, мигранташ
Туркойчоь, мигранташ

Оханан-беттан 4-чу дийнахь Шеман а, Туркойчоьнан а дозанехь лаьцна Нохчийчуьра вахархо Гаджиев Джамалали набахте чохь вита сацам бина Туркойчоьнан кхело. Ницкъхойн версица, Гаджиева тIомбинера Шемарчу тIамехь “ДаIишан” агIор .

Лаьцначу хенахь цуьнгахь 1,5 кийла оьккхуьйту хIума а, 2 граната а, Iожалхочун духар а хилла. Гаджиев, ницкъхоша дийцарехь, “теракт” ян Iалашо йолуш хилла, аьлла хааме даьккхинера “Анадолу” агенталло.

Гаджиеве бартхаьттинчу ницкъошна хетарехь, ши шо хьалха иза “ДаIишан” тIемалойн могIаршка хIоьттира. ТIематийсадаларшкахь чевнаш йинчул тIаьхьа, цо сацам бира Шемара дIаваха. Туркойчоьнан низамехь доцчу кепара доза хадочу хенахь, иза лецира туркойн дозанхоша. ХIинца, цунна дуьхьал бехктокхаман гIуллакх долор ду терроризмана гIорто ярна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG