ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан узам, Нохчийчоь, хьан къина тийжа" (Амагов Доккин байташ)


Амагов Докка, нохчийн поэт, филолог
Амагов Докка, нохчийн поэт, филолог

...Нохчийн жил-Iаламах, ламанхойн аматех, дайн кешнех баьргтоха хьаьгначу Амагов Доккин байташкахь хеза вайн къоман цхьана декъо "шайн" европашкахь, Iамеркашкахь, малхбаленашкахь син-ловзар ца тоьаш хьоьгу бала. Кху дуьненахь самалхе даха аьтто ца кхаьчнехь а, эхартахь оьцур вай марзонаш вовшех, бохучу ойлане вуьгу Доккин байташа. Яздинчух волийла дац - хIета стогаллах, доьналлах ца духуш, дIакхоьхьур вай йисинчу хенан дукъ... Иштта ойланаш юьту цуьнан байташа, аьхна, цIена, сакхтех дог цIинде ойланаш.

Сан узам


Сан узам, хьо болалохьа,
Къеначу лаьмнашкахула,
Да воцуш дисинарг байлахь,
КIант хилий, лахьадеш айхьа.

Сан узам, хьо болалохьа
Ирачу тархаш тIехула,
Берзинчу когийн лар цIийца
Хьайн юьтуш царна тIехь , Iийда.

Сан узам, хьо болалохьа,
Схьадостуш хьайн чевнийн монаш,
Мел дайнарг, мел лайнарг айхьа
ТIекхойкхуш геннара хьайна.

Сан узам, хьо болалохьа
МаьркIажан бодашкахула,
Шийлачу мехашца цхьана,
Шайн кIентийн тезеташ тийжош
Лаьттачу кIотаршкахула.

Сан узам, хьо болалохьа,
Сан мехкан массо мерз озош,
Барз боцуш баьккхина шайна
Байначу кIенташна боьлхуш,
Сан узам, хьо болалохьа,
Дайн назма ма хуьллу айдеш.
Хьайн мукъам дIатохий цуьнца,
Муьлхачу кхолламна кечлуш.



***

Со велха ца воьлху,
боллушехь сов IаьIна
сайн деган Iийжам.
Кхин доггах ца воьлу,
дахаро хьийстина
воллушехь хийла.
Со ,велла, ца ваха,
бу боху къонахий
дIаоьхуш цаьрца.
Со вехаш вац боху,
нахах дIа тарвелла,
тIе тайна царна.

Сан велхар, сан велар,
Сан вахар, сан валар,
Шаьш цхьана эшарца ийна,
Йиш хаьлла, узамца,
Сан деган назманца,
Нохчийчоь, хьан къина тийжа!

***

Iаьржачу хIорда тIехь цIIеста варкъ техка,
Суьйренца буссучу малхаца доьжна.
ТIулгIешна тIехула тулгIенаш ежа,
Чопанца кхехкадеш шайн гиччош къоьжа.

Геннара иддера уьш кхуза кхача,
Сатуьйсуш карабан синтеман кхача,
Дуьйцучохь , сов атта тарделла шайна
Хийрачу махка дIа кхарстар ду тайна.

Ткъа хIинца, дIахиъча шаьш Iехаялар,
Йийсаре дуйла и шайн кхуза кхачар,
Даръелла етталуш мокъазчу бердах,
ГIораза йоьлху уьш экамчу берах.

ГIергIачу тIулгIенийн аьзнех а хаьдда,
Ша къаьсташ цхьа узам хетало суна,
Со маьрша кхиъначу ломара хьаьдда
Еъначу тIулгIено тийжабеш санна.

Цо дуьйцуш ша цигахь хьостанца къастар,
ТIакхха ша генарчу хIорданах кхетар,
Дийцлуш дерг осу сан гIайгIано семса,
Хоьдучу уьйрашна вуьлуьйтуш сема.
Го суна синбIарца сайн хIусам еса,
Ца карош тIеваха цхьа некъан аса,
Ден кошан барз а го, тIехIуттуш аса ,
Дешанза хан яьлла мелана Еса.

Хийрачу нахана борахчу мехах
Шайна со хетачохь, сайн боцчу махкахь,
Со тасий ма витахь, йа, АллахI –Дела,
Iуналла хьайн доцуш суна тIехь делла.





ГIарагIулийн назма

ГIарагIулеш стиглахула йоьлху,
ТIемаш тIера егош маьлхан чилла,
ГIарагIулеш шайн назманца йоьлху
Баьккхина сан дегалецам чIила.

Яьккхи цара лекха Iарша зевне,
Сан иэс доккхуш шен лазамна сама
Иштта тийжам суна хезна бара
Нохчийн махкахь нохчийн наношкара…

Юхаъ угIуш стиглахь хьийза кема,
Ловзош шеца жIаран Iаьржа гема,
Адам гича хуьлий дера экха
И чууьду церан синош эца…

ГIарагIулеш стиглахула йоьлху
Деле йоьхуш Нохчийчоь белхамца,
ГIарагIулеш Нохчийн махка йоьлху
ТIемаш лестош Iодика сан ярца.

Ткъа со лаьтта Босфор йистехь тийна,
ГIарагIулеш тоххарехь дIаяхна,
БIаьсте яйна гIайгIане шо санна,
Кху шарахь а бухавоьдуш Iаьнна...





***

Хьо бакъ лоь . Со бакъ лоь. Иза а
Бакъ лоь-кха вайшиннал чIогIа.
Нохчийчохь муьлхха а бакъ ву-кха,
Схьадостург зуламан догIа.
Хьо туьйли. Со туьйли. Иза а
Базбеш ву шегара толам.

...Цхьа миска ваьккхи вай дакъаза,
Дехьара, сехьара тоьхна.


* * *

Берийн а аьзнаш ду соьца,
Нанойн а аьзнаш ду соьца,
Уьш кхойкху вовшашка, соьца,
ХIоранна гIерташ дог иэца.
Нохчийчоь!
Со мохь бу хьоьгара баьлла,
Хьан массо аз айса аьлла,
Лаьмнаша лаьмнашка кхийдош,
Зов-цIогIан орцанца идош.
ЭгIаза, пIендарш а сеттош,
Ницкъ мел бу, сайн пехаш этIош,
Со шега мел кхайкхарх гIонна,
И дуьне ца соцуш гонна,
Сох кхаьрдаш, йист-бIаьлха лелхаш,
КIоршаме дуьхьала Iоьхуш,
Кху махкахь кхин цхьамма олуш,
Сан цхьа а аз хезар дац, бохуш,
Муьша тIехь кхозу тIулг санна,
Легашкахь дазделча сайна,
Со кхиъна хьан кийра оьзда
Ас дагалецира тIаккха:
Бий а ког вовшашка оьзна,
Бекхамна кхоссалуш хьалха,
Ас берзан кIезанах цIевзаш,
Кхолламна гайти сайн кIецаш.
...БIешераш дIаэхарх кхин а,
Юьхьдуьхьал айкхалла дина,
Ас бехке йийр ю и зама,
Йиш хьалха ца соцуш цкъа а.
Ас ворхIе кIентан а цIийца
ВорхIе да воккхур ву сама.
Со церан аьзнашца шайга
Кхайкхича хIоранга, цIарца,
Уьш дуьхьал кхойкхур бу суна,
Дайн аьзнаш девзина къона,
Сан лорах шайн когаш тудуш,
Шайна со хеззаче уьдуш.



***


Мичахь сайн дай баьхна,
хьанахь ву со, аьлла,
Мохь тухуш кхайкхича,
гу лекхачу ваьлла.
Духьал кхойкхур дара,
дерриг дуьне суна
Массо къоман маттахь
аьзнийн тулгIенашца:
-- Тхан цIийх цхьацца тIадам
хьан цIийца бу ийна,
Вайн синош ду кхуллуш
Дала, вовшех хьийна.
Тхан доьзалехь оха -
«нохчо» цIе тиллина.
Адамах схьадаьлла,
адам ду хьо, аьлла.




Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG