ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ эскарийн Иракъера Iалашо ерзарх дIакхайкхийна Байдена


Мосул гIалина гергахь хиллачу тIемашкахь йохийна ши локомотив. 2021-ра шо,Мангал-бутт
Мосул гIалина гергахь хиллачу тIемашкахь йохийна ши локомотив. 2021-ра шо,Мангал-бутт

202I-ра шо дерзале Американ эскарша Иракъера тIеман мисси ерзор ю аьлла, дIакхайкхийна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Джо Байдена. Иракъан премьер-министр аль-Кхазыми Мустафа Вашингтоне веача дина иштта дIахьедар Байдена, хаам бина Свобода Радионо. Регионехь къепе латторна Iаламат оьшург дара Иракъан Iедалхошца юкъахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан (Оьрсийчохь йихкина ю) экстремисташца къийсам латтор.

Цо тешам белла Иракъан премьерна, тIеман хьехамчийн а, инструкторийн а рол Американ эскарша кхочушъечу керлачу хьелашкахь а лелош долу юкъаралла кхин а дIа хьур ду аьлла.

2020-чу шеран чакхенехь динчу лараршца, Американ 2500 эскархо ву Иракъехь. Цкъачунна Байдена ца кхайкхийна, тIеман мисси йирзинчул тIаьхьа Иракъехь буьсур болчу Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскархойн дукхалла.

Малхбузерчу агенталлаша довзуьйтучу тIеман эксперташна хетачуьнца, Американ контингент кхин дIоггара лахйийр яц.

Американ эскаран Иракъера Iалашонаш хийцарх дIахьедира, ОвхIанистанера Американ эскархой арабохуш Вашингтоно сацам бинчул тIаьхьа- Гезгамашин-беттан 11-гIа де кхачале.

Гергарчу Малхбалехь терроризмца къийсам латтор бу аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто чIагIо йира, амма цхьанахеннахь Китайс лелочунна тIехь терго латтон а.

Мустафа аль-Кхазымаца хиллачу дийцаршкахь, Байдена ишта дош делла, тIейогIучу заманчохь Иракъе коронавирусан инфекцина дуьхьал вакцина хьажор ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG