Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн арахьарчу активашна тIехь Iуналла латточу урхалло, Американ бахархошна а, резиденташна а бизнес лелон дихкинчу нахах хIоттийначу «Iаьржачу тептаре» ваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан а, цхьа могIа цуьнан доьзалан декъашхой а. Кадыровна а, цуьнан гергарчарна а дуьхьал санкцеш яьхна Украинерчу тIамца доьзна.
Тептарехь нисъйелла Кадыровн хIусамнана Кадырова Медни а, цуьнан шолгIа зуда ю боху Хазуева Фатима а, кхозлагIа цIийнана лоруш йолу Ахмадова Аминат а, Нохчийчоьнан урхалхочун йоьIарий, культурин министран даржехь йолу Iайшат, Соьлжа-ГIалара школазхойн департаментан коьртехь йолу Карина (Хадижат), Табарик а, шича – бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр Ибрагимов Турпал-Iела а.
Цул совнах, санкциш тоьхна иштта, Кадырова Iайшат урхаллехь йолчу модин «Фирдаус» цIенна а.
Американ финансийн министраллин пресс-релиз тIехь билгалдоккху, "массарна а гергахь шех "Путинан гIашсалти" олуш, Кадыровна инарла-лейтенантан чин кхаьчна Оьрсийчоь Украине гIоьртинчул тIаьхьа цо лелийнарг бахьана долуш. Кадыровца доьзна дакъош лелла Бучехь, Оьрсийчоьнан эскарша акхараллаш лелош, хIусамаш хIаллакйинчу меттигехь".
Иштта билгалдоккху, "Путин Владмирца уллора юкъаметтигаш хилар бахьана долуш, дуккха а хьал гулдина" Кадыровс. Цуьнан активашлахь хьахийна Iарбойн Цхьаьнатоьхнгачу Эмираташкара цIа а, долара зоопарк а, еза машенаш, яккхий къайлах йолу ахчанийн фондаш а.
Верриг а санкцийн тептаре язвина 22 стаг а, юридикан ши организаци а ю. Царлахь: Оьрсийчоьнан президентан гIоьнча Орешкин Максим, Къоман банкан картийн системин коьрта директо («Мир» картийн оператор) Комлев Владимир а, берийн омбудсмен Львова-Белова Мария а, Къоман лараран депозитарийн куьйгалхо Жидков Виктор а.
Санкцешна бухахь нисвелла иштта оккупаци йинчу Херсонан, Запорожьен кIоштийн администрацийн урхалхой Рогов Владимир а, Балицкий Евгений а, Украинехь тIемаш беш йолу ультра аьттун тоба «Русич», цуьнан куьйгалхой Мильчаков Алексей а, Петровский Ян а.
- Хьалхо США-н финансийн министраллин «Iаьржачу тептаре» язйира Регионалан Кадыров Ахьмадан цIарах йолу фонд а.
- 2017-чу шеран гIуран-баттахь Американ финансийн министралло Нохчийчоьнан куьйгалхо ваьккхира санкцийн «Магнитскийн тептаре». Урхалло цунна тIехь дитира кхел йоцуш нах байъарх, Iазапаш хьегийтарх, дуьненан юкъаралло тIеэцна кхин йолу адамийн бакъонаш хьешарх а жоьпалла.
- 2020-чу шарахь Американ Пачхьалкхан департаменто шорйира Кадыровна тоьхна санкцеш, цуьнан зудчух Медних а, йоьIарех Iайшатах а, Хадижатах а хьакхайолуьйтуш.