ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Американ къоман тобано уггар дукха мидалш яьхна Токиорчу Олимпиадехь


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

КIиранан дийнахь, Марсхьокху-беттан 8-хь, хиъна Токиохь дIайирзинчу аьхкенан 2020-Олимпиадехь мидалаш дукха яхарца толам баьккхина тоба муьлхарниг ю, хаам бо Sport.ru зорбан гIирсо. Мидалийн чуларарехь Токиорчу Олипиадехь толам баьккхина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн къоман тобано. Америкерчу спортхошо яьккхина Японехь хиллачу къовсадаларшкахь 39 дашо а, 40 дато а, 33 барзна а мидал.

ШолгIа меттиг дIалаьцна Китайн тобан декъашхоша: 38 дашо, 32 дато, ткъа иштта 18 барзана а мидал.

Олимпин ловзарийн тIаьххьарчу дийнахь Америкерчу спортхоша яьккхира 3 дашо мидал. Цу кепара Цхьаьнатоьхна Штаташ мидалийн чуларарехь хьалха елира Китайл а.

КхоалгIачу меттехь Япони ю, ткъа Оьрсийчуьрчу спортан тобано, Британина тIаьххье, дIалаьцна 5-гIа меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG