ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкехь 2001-чу шарахь динчу терактехь эзарнашкахь байинарш дагалоьцур бу тахана дуьнено


Ткъа шо хьалха, 2001-чу шеран Гезгмашин-беттан 11-хь ткъесна террорхочо-Iожалхочо, исторехь хиллачех уггар а доккха теракт дира, пассажирийн диъ кема а дадийна. 3 эзар гергга нах белира оцу зуламехь.

Дуьненан йохка-эцаран центран шина бIаьвнах кхийтира тIаьхьий-хьалхий ши кема. Вашингтонна гергахь йолчу Пентагонан гIишлонехьа дерзийра террорхоша кхоалгIа кема. ДоьалгIачу кеманахь хилла пассажираш а, экипаж а дуьхьало ян гIоьртира террорхошна, амма кема дуьйхира Пенсильвания штатан аренца.

102 минотехь хилла уггар а къиза хиламаш бара уьш.

Динчу терактна духьал Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, церан Британерчу агIончаша а 2001-чу шеран ГIадужу-баттахь "Йохалур йоцу маршо" операци йолийра. Операцин Iалашо яра тIалибийн раж йохор а, террорхойн организацеш, уггар а хьалха, Гезгмашин-баттахь Американа тIелатар дина "Аль-Къайда" а хIаллакъяр.

Цул тIаьхьа 30 шо даьллачул тIаьхьа, 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь, Афганистанера Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн эскарш арадаьхна девлира.

Американ тIеман министралло дIахьедира, Афганистанехь тIемаш боьлхучу шерашкахь 2325 Американ эскархо вийна аьлла.

Шоьтан дийнахь Американ президент Джо Байден кхочур ву кхаа иэсаллин меттиге. American Airlines авиакомпанин кема Дуьненан йохка-эцаран центран къилбаседанерчу бIавх кхетта, цул тIаьхьа 17 минот яьлча United Airlines-н кема къилберчу бIавх кхеттачу Нью-Йоркехь хир ву президент. Нью-Йоркехь тIелатарш хиллачул тIаьхьа ах сахьт даьлча тIеман министарллан гIишлох кема кхеттачу Пентагоне а кхочур ву Байден цул тIаьхьа.

Пенсильвания штатан Шанксвиллерчу майданахь хIоттийначу мемориалехь а хила дагахь ву Джо Байден а, вице-президент Харрис Камала а. Цигахь дуьйхира террорхоша дадийна доьалгIа кема.

Тахана, Гезгмашин-беттан 11-чохь уггар а яккхийчех йолчу дуьненчуьрчу медиаша шайн репортажаш а, документалан филмаш а, аналитика а "9/11" темина хьажор ю.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG