ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америкерчу набахтера маьршаваьккхинчу Бут Виктора Нохчийчохь ЛДПР-н офис схьайиллина


Слуцкий Леонид а, Бут Виктор а ву Соьлжа-ГIалахь ЛДПР-н офис схьайоьллуш. Слуцкий Леонидан телеграм-каналерчу видео тIера скриншот
Слуцкий Леонид а, Бут Виктор а ву Соьлжа-ГIалахь ЛДПР-н офис схьайоьллуш. Слуцкий Леонидан телеграм-каналерчу видео тIера скриншот

Оьрсийн ЛДПР партин Соьлжа-ГIалахь регионалан дакъа схьадоьллуш дакъалаьцна Америкерчу набахтера маьршаваьккхинчу, тIаккха Оьрсийчоьне схьавеллачу Бут Виктора. "Грозный-Сити" бизнес-центрехь йу и.

Нохчийн офис схьайелларх лаьцна шен телеграмерчу каналехь дийцира ЛДПР фракцин пачхьалкхан думерчу куьйгалхочо Слуцкий Леонида. Цо тIетуьйхира, хIоттийначу барамехь дакъалоцуш партин нохчийн декъан куьйгалхо Умаров Джамбулат вара аьлла.

Цул а цхьа де хьалха Бута дакъалецира, шех "ДНР" олучу дозанехь партин регионалан дакъа схьаделларехь, йаздо Радио Свободано, "Медузана", "Комментана" тIетевжаш.

ГIуран-беттан 8-хь хийцира Бут америкхойн баскетболхочуьнца Грайнер Бриттница. 2012-чу шарахь и Америкехь 25 шарна чувоьллира, низамехь доцуш герз лелорна бехкевина. Бут Виктора шен бехк тIе ца лецира, Москвахь реза хуьлура иштта мах хадорца.

Оьрсийчу йухавирзича, Бут гIуран-беттан 12-хь ЛДПР парти йукъавахара.

  • Оьрсийчоьно а, Американ Цхьнанатоьхначу Штаташа а масех баттахь дийцаре дира тутмакхаш хийцар. Bloomberg агенталло марсхьокху-баттахь йаздора, нохчийн аренан буьйранча Хангошвили Зеламха вийна волу, оьрсийн лерринчу сервисийн белхахо хила тарлуш волу Красиков Вадим шайна схьало бохуш хиллера Оьрсийчоьно.
  • Ша маьршаваьккхича дуьххьара интервью RT зорбанна йелира Бут Виктора. Цо цигахь дийцира, шен камера чохь Путин Владимиран сурт дара хьалатоьхна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG