ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Америко санкциш яьхна ГIалгIайчоьнан экс-куьйгалхочунна а, Нохчийчуьра полицин дакъанна а дуьхьала


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн Министралло санкцеш яьхна Курчалойлара МВД декъанна а, ГIалгIайчоьнан хиллачу куьйгалхочун дуьхьала а, иштта тептар гIардаьккхина министраллин официалан сайтехь.

Масала, персоналан санкцешна кIел нисбелла Куьрчала кIоштара МВД-н декъан ГИБДД-н куьйгалхо Хутаев Хьусайн, талламхо Саламов Нурид, Устрада-ГIалан прокурор Ахматов Джабраил. Иштта, оцу кехатехь билгалъяьхна ю Цаликов Русланан (Къилбаседа ХIирийчуьра вахархочун) а, Криворучко Алексейн (Ставрополан вахархочун) а цIерш.

Тептарехь язвинарг верриг ву 15 стаг – царлахь бу Белорусин президентан хIусамнана Лукашенко Галина, Москван Басманан кIоштан кхелан суьдхо Мушникова Наталья, юкъаметтиг лелоран федералан тIеман техникехула йолчу сервисан хьалханча Шугаев Дмитрий, "Рособоронэкспортан" куьйгалхо Михеев Александр а.

Документаца а догIуш, царна дуьхьала санкцеш яхар оцу наха адамийн бакъонаш хьешарца доьзна ду.

  • Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а Оьрсийчоьнан 19, Беларусин 12 стагана а, цхьа могIа шина а пачхьалкхашкарчу компанешна а дуьхьал санкцеш яьхна Японино. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн Министраллин хаамца, "Украинех хьакхалучу таханалерачу дуьненаюкъарчу хьолаца доьзна ду" иза.
  • Castellum проектан хаамашца, шина кIиранчохь Оьрсийчоь дуьненан лидер яьлла, шена дуьхьал яьхна санкцеш бахьана долуш. Церан боллу барам бу 5 532. Царех 2 778 санкци туьйхира тIаьххьарчу деношкахь. Санкцеш дукха тоьхна хиларца шолгIачу меттигехь ю ГIажарийчоь, кхоазза лахара ю цунна дуьхьалъяьхнарш – 3 616.
  • Зазадоккху-беттан I5-хь ткъолгIа де-буьйса хуьлу Оьрсийчоь тIамца Украине чугIоьртина. ТIеман тийсадаларш сацанза ду Украинан къилбаседехь, малхбалехь, къилба-малхбалехь а. Оьрсийн тIемалоша гуо бина масех яккхийрачу Украинан гIаланашна, шайлахь Мариуполь, Чернигов а йолуш, амма уьш схьа ца яккхало цаьрга. Американ зорбанаша дипломатин хьостанашна тIе а тевжаш хаамбо, Москван дуьххьара дехар кхачарца тIеман гIо даккха кийча хилар хаийтина Китайс. Оьрсийн официалан хьаькамаш бакъ ца до Пекинера шаьш оцу тайпа гIо дехна хилар. Тийсадаларш, кеманан тохарш а хIинцале а дIахьош ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG