ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амина кIелхьараяккхар. Европо Оьрсийчоьне дIалуш бу Къилбаседа Кавказера схьабевлла Украинера мухIажирш


Украинера мухIажирш Румынин дозанехь
Украинера мухIажирш Румынин дозанехь

Румынин кхело Гериханова Амина кхин а цхьана баттана чохь латтон сацам бина, Зазадоккху-бутт юкъабаьлча 36 шо долу Соьлжа-ГIалара яхархо лецира Украинан дозанахь – бархI шо долчу кIантаца тIамо лаьцначу махкара дIаяха гIерташ яра иза. Лацаран бахьана хIоьттира оьрсийн полисхойн дехар, цара иза Шемарчу тIемалойн декъехь хиларна бехкейо.

Кавказ.Реалиино билгал ма-даккхара, Гериханова Аминин хьал шатайпана дац – Оьрсийчоьно шерашкахь лелабо дуьненаюкъара гIирсаш Къилбаседа Кавказера мухIажирш схьабоьхуш, тIом болабелчхьана и хьал чолхе даьлла догIу.

Аминин кIентан ден деваш Бахарчиев Амрудди, шен шераш а, заьIапалла тидаме ца оьцуш (оьрсийн-нохчийн хьалхарчу тIамехь лазийначул тIаьхьа гIудалкхаца бен дIаса ца вахло иза), Австрера Румыне схьавеана иза кехаташца дерг а луьстуш бер шеца дIадига. Беран нана дIалаьцначул тIаьхьа кIант берийн хIусаме хьажийнера.

"Амина Нохчийчохь ехаш яра. Цуьнан цIийнда Шема дIавахана, оцу бахьанца кадыровхой тIаьхьбоьвлла цунна". Иза масийттаза кIоштан полицин декъе йигинера, хьийзайора цигахь. 2016-чу шарахь иза, ала мегар долуш, Нохчийчуьра оцу хенахь ши-кхо шо хиллачу шен бераца едира иза. Оцу хенахь дуьйна Украинехь ехаш яра", - дийцина Кавказ.Реалиига Бахарчиевс.

Гериханова Амина кIантаца цхьаьна
Гериханова Амина кIантаца цхьаьна

Гериханова Амина 2017-чу шеран ГIуран-баттахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло 3 292 номерца терроризмаца боьзначу нехан тептаре яьккхира. Интерполехула иза лехамашка яьккхича Украинан кхерамазаллин сервисо лерина таллам бира оьрсийн коллегаша далочу тоьшаллашна.

"Амине хеттарш дира, СБУ талламан гIуллакхаш а дина тIаьхькхиира – цунна дуьхьал даьхна бехкаш бух боцуш ду. Соьга тоьшалла дало иза шайлахь герз долу низамехь йоцу цхьанне а вовшахкхетараллийн декъехь хилла йоцийла гойтуш, къаьсттина цуьнан цIийнда бахьанехь хьийзош яра иза. Цундела Амина Украинера шен гергар стаг йолчехь паргIат ехаш яра", - тIетуху къамелдечо.

Бахарчиев Амруддин аьтто баьлла шен кIентан кIант приютера дIавига – Румынин Iедалша кIант схьавелира Зазадоккху-беттан 24-хь, дедас Австре дIавигина иза.

Оьрсийчоьне дIалохь – кхин кIелхьара яккхалур яц

Украине эмиграци йина нохчо Бакаев Iела а велла Оьрсийчоьно дуьненаюкъарчу лехамашка. Оьрсийн Iедалхоша бахарехь, 2017-чу шарахь Наурера Росгвардин декъанна тIелатар дарна бехкевеш ву иза, амма тоьшаллаш ца хиларна а, Бакаевна дуьхьала даьхначу бехкийн билггал политикан бух хиларна а лехамашкара дIаваьккхина вара иза. МухIажиран экстрадицин талламаш деш йолу кхелаш дIайоьлху масех шо ду.

"Гериханова Амина суна евза. Иза цхьанне вовшахкхетаршца йоьзна яц, соьл хьалха еана иза Украине, Киевера маьждиг чохь болх беш яра иза. Иза массарна евза дика, комаьрша, кхочушдеш [бусулба динан тIедахкарш]йиша санна, кIант кхиош ю иза ша", - боху Бакаев Iелас.

Оьрсийчохь Iазапехь латторна, сийсазбарна, яккхийра хенаш еттарна кхерам бу тхуна

Цо билгалдоккху, тIом балале а кхерам лаьттара Къилбаседа Кавказера схьабевлларш Оьрсийчоьне дIабаларна, амма дуьненна и проблема гуш яцара.

"Оьрсийчохь Iазапехь латторна, сийсазбарна, яккхийра хенаш еттарна кхерам бу тхуна – низамаш а, нуьцкъахойн, кхелахойн бакъо цигахь мах болуш дац. Цундела Аминин хьал дийца даьккхича, муьлхха агIо лаха еза иза Оьрсийчоьнна дIа ца ялийта. ДIалохь иза кIелхьара яккхалур яц", - тешна ву къамедийриг.

Бакаевна хетарехь, Оьрсийчоьно Украинана дуьхьала баьккхина и тIом боьдучу юкъанна республикера схьабевлларш Нохчийчоьне дIабаларан проблемано дуьненаюкъара резонанс гIаттор яц, оцу гIуллакхца цхьалха буьссур бу уьш.

Тидам латторан гIирс

МухIажиршна бакъонийн гIо дечу "Вайфонд" нохчин цхьанакхетараллехь билгалъяьккхина Интерполан базанашкара харжамийн башхалла: Къилбаседа Кавказера схьабевлларш, уггар хьалха нохчий, сих-сиха дIабоьху, цхьанатоьхча Американ, Китайн бахархойл а дукха.

Иштта, тахана Интерполан лехамашкара ворхI эзаре ца кхоччуш болчу экстрадици яран "цIен" карта долу бехкебен нах бу, царах ах дакъа -Оьрсийчоьно шен бахархой дIабоьхуш дина аьрзнаш ду. Царах доккха дакъа – уьш Къилбаседа Кавказера республикашкара схьабевлларш бу.

"Оьрсийчоьно Интерполан система буьззинчу барамехь лелайо низамехь доцу тIаьхьбийлар кхочушдеш. Тхуна девзачу Оьрсийчоьно диллинчу гIуллакхех 90% фальсикацишца вовшахтоьхна ду. Ерриг хеначохь тхоьга шиъ кейс бен ца кхаьчна Оьрсийчоьно дIабоьхучара баккъала зуламаш дар билгала долуш, кхин тIе а дахаран хьелан зуламаш", - дийцина Кавказ.Реалиига "Вайфондехь".

Бакъоларъярхошна хетарехь, Интерполехь болх беш адеквате белхахой бу, уьш кхеташ бу националан бакъонийн органаша дуьненаюкъарчу базе арз мел атта дала йиш ю. Хила тарло, царна кхеташ хир ду, Оьрсийчоьнан и гIирс махкара дIабахначу активисташна тIе Iаткъам барехь лелон йиш юйла. Цундела, лехаме велларг бехке ца хиларна тоьшаллаш далахь, политикан бухца цунна тIаьхьбевлла балахь, иза базера дIаваккха веза.

"Вайфондехь" аьтто баьлла 38 гIуллакхехула оцу тайпа бехкебийраш дуьненаюкъарчу лехамашкара дIабаха, 17 гIуллакх хIинца а процессехь ду.

"Оха ца леладо Шемарчу террористийн вовшакхетараллийн, йа тIеман тийсадаларшкахь дакъа лецначийн гIуллакхаш, амма ишттачу нехан а бакъо ю шайн бехказалла ларъян. Дуьненаюкъара лехам политикан тIаьхьбийларан Iалашонца лелон йиш яц, ткъа терроризмана сих-сиха бехкево Кремлан политикаца реза боцурш", - элира нохчийн цхьакхетараллан векалша.

"МухIажиршна экстрадици йан йиш яц"

Интерполехула лехамашка белла нах, шайн декъехь Оьрсийчоьнан дехарца, 99% тардаларца украинера доза хадош дIалоьцур бу, тешна ву Одессера "Правое дело" бакъоларъяран цхьанакхетаран программин координатор Яковенко Валерий.

"Украинера арахьара мухIажирш ара ца бовлуьйту, шайн декъехь, миграцин сервисера кехаташца а. Цхьазза царна экстрадици йан дуьхьало йинехь иза мухIажиран статус яларан гаранти яц. Амма, дукхачу хьолехь, и гIуллакхаш цхьана хеначохь дIахьош хуьлу, ткъа ларвар дехаро сацадо экстрадицин таллам бар. МухIажиршна экстрадици йан йиш яц", - кхетийна Кавказ.Реалиица динчу къамелехь украинерчу бакъоларъярхочо.

Цо тIетоьхна, мухIажиран аьтто бу Украинерчу дозанхошка Интерполехь лехаман арз хилар листа, аьлла дехар дан. Иза цигахь далахь гIоле ду тIеман тийсадаларш доцу Украинан кхечу регионашка юхаверзар а, дуьненаюкъарчу лехамашкара дIаваккхарна хьокъехь долу хаттар листар а. Иштта и информаци йовза аьтто бу Интерполан файлашна тIехь контроль латточу комиссига почтехула кехат хьажийна, амма тIаккха жоп шина кIирнахь бен кхочур дац.

"Шун орзаца Интерполо сацор бу лехамаш гIуллакх толлучу юкъанна, тIаккха аьтто хир бу кхерамазалле йолчу пачхьалкхе дIаваха а, Украинехь санна цигахь оцу процедурехула ларвар деха а", - чекхдаьккхина Яковенко Валерийс.

Зазадоккху-беттан 23-хь Румынин Венера векало тIеэцна Гериханова Аминин депортаци ца йар тIедожош пикетехь дакъа лаьцначу 50 гергга стаго чуелла хилла резолюци. Акцехь дакъа лецира меттигера нохчийн диаспоро а, Австрера бакъоларъяран организацийн а, тIе ца эцначу Нохчийн республика Ичкерин а векалша. Къобала дийра дуй Румынино церан тIедилларш – хIинца а хууш дац.

  • Чиллан-беттан 19-хь кхелхира Францера депортаци йина, тIаьхьо Оьрсийчохь чувоьллина хилла Нохчийчуьра вахархо Мурадов Дауд. Бехктакхаман кодексан терроризмехула йолчу артиклана тIехула бехке а вина Москварчу СИЗО-2 Лефортово чувоьллира иза. Гергарчарна хетарехь, цунна дIовш делла хилла.
  • Францера депортаци йина Гадаев Мохьмад стохкалерачу аьхка Нохчийчохь чувоьллира. Низамехь а доцуш герзаш лелорна бехке а вина цхьа шо ахшо хан туьйхира цунна колонехь даккха. Нохчийчуьрчу нуьцкъаллин структурин белхалоша шена тIехь таIзар дича Гадаевс шена бакъоларъярхоша хьажийна адвокат тIе ца лецира.
  • Украине эмиграци йинчу ГIалгIайчоьнан вахархочун Белхароев Ильясана Оьрсийчоьно болийна хилла дуьненаюкъара лехамаш сацийна Интерполан инициативаца. Оьрсийчохь бехкево Белхароев Илес террорхойн юкъараллехь дакъалацарна а, бакъо йоцуш герз лелорна а. Талламан комитетан версица, 2019-чу шарахь шен накъосташца юкъахь батIалхьажойн тобанан хьалханча ву бохучу Полонкоев Хьасане дIакхачийна хилла цо "Глок" системан тапча а, цуьнан патармаш а. Ткъа оцу герзаца вийна хилла ЦЭП-н куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим а, цуьнан ваша Ахьмад а. Белхароевна бехкаш дохку цунна вевзаш воцчу стага динчу тоьшаллаш тIехь, ткъа цунна кхечуьнгара хезна герз дIакхехьарх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG