ТIекхочийла долу линкаш

Шинарийдийнан делкъехь Оьрсийчуьрчу Брянскехь, прокуратуран цIийнан неIарехь ша лаца баьхкина Кадыровн нах а болуш, оцу хIусамо дIахецча, коьртахь йоллу «хураьшка» охьа а теттина, вахана сихха «Приори» чу а хиина, ведда хилла ММА-н дуьненан чемпион Амриев Мурад юха а лаьцна.

Шина дийнахь-буса 300 чаккхарма дIа а ихина, Оьрсийчуьра ара а ваьлла, воьду иза, «карийна», шайн Добруш гIаларчу полице вигина яхначу буса белорусаша-дозанхоша. Цигара дIавигина Беларусан низамхоша цкъачунна юьйцуш йоцчу метте.

ХIинца Амриевн лачбаьлла некъ Нохчийчохь, Соьлж-ГIаларчу полицин ден Дашаев Мохьмадан кабинетчохь боьрзург хиларх богу бакъоларъярхой, журналисташ, доглозу фейсбукхой, вконтактехой, кхиболу дуккха а дукха тергамчаш.

Полицера и хьаькам ву, Амриев Мурадан ваша Зураб ша вен воьллера цхьа хан хьалха аьлла, церан доьзална чIир кхайкхийна, ткъа цунна бен а дац, муьлха царех нисло шен куьйга кIел, боху дуккха а хьостанаша.

...Иза лаца кхайкхийна, тхо декхаре ду иза Оьрсийчоьне дIавала»

Беларус, Оьрсийчоь а санна, Йозушйоцчу Пачхьалкхийн Юкъарраллан декъашхо ю. Бертахь ду стаг лахар-лацар. Дорбушерчу полицино шега телефонаш еттачу саготтачарна делла жоп дац Амриевгахьа: «Соьлж-ГIаларчу Старопромысларчу полицин декъо иза лаца кхайкхийна, тхо декхаре ду иза Оьрсийчоьне дIавала».

Шайн воI Соьлж-ГIала кхачавахь – вайнний а ву, ма лахьара Нохчийчуьрчу полицин кара, аьлла, Ютубехула орца дехна Амриев Мурадан дас-нанас.

Амриев къелхьараваккха гIерташ, кху деношкахь са а хаьдда, иза лоц-лоцуче уьдуш хьийза цуьнан адвокат Заикин Петр новкъахь бен вацара хIара материал кечъечу юкъанна.

Цкъачунна хууш дац билггал стенга вигина беларусаша Амриев, цунах кхидIа хIун хир ду.

Стенна кхераме ду Мурадна Кадыровн ницкъийн караваха, хатта аьтто баьлла «Дождь» телевизионан Дашаевна массарел а хьалха «оьшучу» Германехь вехачу Амриев Зурабе.

Оцу зуламна Мурад а ву боху декъахь. ГIурт бу буьйцург»

Цо бахарехь, Нохчийчуьрчу Iедалхоша шинарийдийнахь Германе телефон тоьхна цуьнга.

«Соьга, ас цхьанна-м вен дагахь, полицин хьаькамна, кIело йина хилла боху. Оцу зуламна Мурад а ву боху декъахь. ГIурт бу буьйцург», аьлла Амриев Зураба журналисташка.

Цо бакъдо ша Ичкерин агIор тIамехь хиллийла, оцу бахьанийца даймахкара дIаваханийла. Ша мел бехке велахь а, вацахь а, шен метта шен ваша хIунда лоцу, хьийзаво Оьрсийчоьно, ца кхета ша, боху Зураба.

ТIаьххьара хаам. Беларус кехаташ кечдеш ю Амриев Мурад Оьрсийчу дIахьажон. Экстрадици хир ю тахана сарахь, я кхана Iуьйранна, аьлла Гомелерчу полицин официалерчу векало Пилькевич Юрийс.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG