ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Амриев дIавелла ФСБ-н белхахошка


Амриев Мурад.
Амриев Мурад.

Буса 3 сахьт даьлча Амриев дIавелла Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахошка.

Нохчийн спортхочун Амриев Мурадан адвокато Заикин Петара дийцарехь, Беларусерчу Добруша кIоштан милицера Амриев Мурад аравоккху сурт хIоттийна хилла ницкъаллин стурктурийн белхахоша. Церан Iалашо хилла шайна тIаьхьаяьлла лела нохчийн тоба шайх дIахадор. Цуьнах лаьцна яздо "Новая газето".

Цундела хиллачух тера ду Амриев аравоккхуш сурт хIоттош ковраш милицин кертара шозза арайовлар.

ПIераскан буса 12 сахь даьллачул тIаьхьа, герзаца улле даьккхина ха а долуш, Амриев дIавигна Гомел гIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле.

Буса 3 сахьт даьлча иза дIавелла Оьрсийчоьнан ФСБ-н а, МВД-н а белхахошка. Иза хилла Гомелан кIоштахь Хорошевка олучу эвлан йистехь Оьрсийчоьнан а, Беларусин а дозанехь.

"Новая газето" билгалдаккхарех, дозанал дехьа Оьрсийчоьнан территори тIехь Iуьллуш ю Лысая олу кIотар. Цу газетехь болчу хаамца, Амриев дIалучу хенахь Нохчийчуьрчу ницкъаллин структурийн белхахой цигахь ца хилла.

Болчу хаамашца, карарчу хенахь Амриев карахь ву Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахойн. Нохчийчоьнан куьйгалхоша жигардаьккхина Амриев Соьлж-ГIала дIавига гIертар. "Новая газето" яздарехь, цу хьолана Iуналла дар тIедиллина Делимханов Адамна.

«Дождь» телеканало хьалхо хаам бира, Амриев Мурадан доьзал дIабахана Нохчийчура аьлла. Еарин дийнахь цуьнан дас-нанас кхайкхам бинера Беларусин Iедалшка, шайн кIант Нохчийчуьрчу Iедалшка дIамалахьара аьлла. Иза верна кхерам бу бохуш дара и шиъ.

Оцу дехарца дIахьедарш динера цхьамогIа дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашларъечу вовшахтохараллаша а, шайна юкъахь Freedom House а Amnesty International а йолуш.

Беларусин президенте Лукашенко Александре Амриев воьхуш дехар динера Оьрсийчуьрчу политикан жигархочо, журналисто Собчак Ксенияс а.

Шинарийдийнан делкъехь Брянскехь, прокуратуран цIийнан неIарехь ша лаца баьхкина Кадыровн нах а болуш, вахана сихха «Приори» чу а хиина, ведда хиллера ММА-н дуьненан чемпион Амриев Мурад. Амма иза юха а лецира оццу буса Беларусин дозанехь.

Нохчийчоьнан Iедалш ду Амриевна тIаьхьадевлла, цо харц кехаташ лелийна аьлла. Амма Нохчийчура хьал дика девзачу нахана хетарехь, Амриевна таIзар дан гIерта республикан куьйгалхой политикан бух тIехь.

Царна уггаре а ца товш дерг долчух тера ду и жима стаг Украинин байракх кIеллахь ММА-н латарехь хуьлучу къийсадаларшкахь дакъалоцуш хилар.

Амриев дIалацарца доьзна Оьрсийчоьнан Iедалшка хаттарш дахьийтина Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG