ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Генарчу махка набахте хьажийначу нохчочунна компенсаци елла


Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан кхелана хетарехь, Оьрсийчуьрчу набахтийн урхалло 12 шо хан яккха сов генарчу махка хьажийна Нохчийчуьра вахархо. Амуран кIоштахь хан йоккхуш ву иза. Ткъа цуьнан хIусамнана Кибало Наталья шен шина йоIаца еха Шелковск кIоштарчу Дубовская олучу эвлахь, 8 эзар чакхарма генахь тутмакхалла ловчунна яздо News.ru агенталло.

Оцу бахьанашца, шен хIусамда волчу яха деа шерачохь 8-зза бен аьтто ца хилла цуьнан.

Европерчу адамийн бакъонаш ларъечу кхело (ЕСПЧ) Оьрсийчоьно Европан конвенци йохийна аьлла а лерина, 7500 евро компенсаци ялар тIедожийна Кремлна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG