ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Британерчу рок-тобано шен клип лачкъийна, боху Макаревича


Оьрсийчоь -- Оьрийчуьрчу рок-музыкан ветеран Макаревич Андрей, Москох, Стигалкъекъа-бутт 19, 2017
Оьрсийчоь -- Оьрийчуьрчу рок-музыкан ветеран Макаревич Андрей, Москох, Стигалкъекъа-бутт 19, 2017

Оьрсийчуьрчу Iедалийн дагтIера воьжна ву карарчу хенахь Макаревич Андрей.

Оьрийчуьрчу рок-музыкин ветерано Макаревич Андрейс бехке йина Британера Radiohead рок-тоба, 16 шо хаьлха шен «Машина времени" тобанца ша яьккхина клип лачкъорна.

Facebook-рчу шен агIонехь Макаревича иштта яздина цунах лаьцна: «...Radiohead тобано Lift цIе йолу шен клип йина «Серло йолу меттиг» цIе йочу оха «Машиница (Машина времени)» 2001-чу шарахь ГIадужу-беттан 11-чу дийнахь яьккхинчу клипах тарйина».

Макаревич Андрейн Фейсбукера агIо.
Макаревич Андрейн Фейсбукера агIо.

Маршо Радионна еллачу интервьюхь цо элира, шайн клипах Radiohead-о яьккхина клип тера хилар дукха дика гуш делахь а, ша кхеле вала дагахь вац и бахьана долуш аьлла. И ши клип цхьаьтера ялахь а, ша хеташ вац дIоггара шен интеллектулан долахьдерг цу тобано лачкъийна аьлла, боху Макаревича.

Макаревича юьстина шайн а, Radiohead тобанан а клипаш.​

Lift цIе йолчу композицина Radiohead-о яьккхина клип зорбане яьлла дIадаханчу шинарин дийнахь.

Макаревич Андрей воьжна ву карарчу хенахь Оьрсийчуьрчу Iедалийн дагтIера. Цуьнан концерташ ца хуьлуьйту Оьрсийчоьнан гIаланашкахь.

​2014-чу шарахь Украине оьрсийн эскарш хьовсор ирча гIалат ду аьлла Оьрсийчоьнан Iедалшка петици хьажийнера «Машина времени» хьалханчо а, цуьнан накъосташа а. Махкахь хуьлучух лаьцна шена хетарг дийцира Макаревича оццу хенахь шен кхоллараллица.

Цу сов, Макаревича концерт елира Украинехь мухIажирашна хьалха. Цо лекхначарна юкъахь яра "Путин а, чIерийлецархо а" йиш а.

"Ямартло йина" аьлла Макаревичана тIаIзар даре кхуьйкхуш цунна дуьхьалбевллера Оьрсийчура депутаташ. Цул тIаьхьа иза сийсазвеш кампани йолийра Iедалша. Царна жоп луш санна керла йиш яьккхира "Машина времени" лидеро.

Оьрсийчохь карарчу хенахь хIоьттина хьал дуьйцуш язйина ю аьлла хета Макаревичан кхолларалла езаш а, евзаш а болчу цуьнан ладогIархоша иттех шо хьалха цо язйина хIара йиш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG