ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ГIирмин деклараци": Iамерко цкъа а къобалйийр яц аннекси


please wait

No media source currently available

0:00 0:04:43 0:00
Линкана тIе

Евчин Дмитрий
Аннитова Инна

Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан департаменто кIира хьалха деклараци араяьккхина, "хьенан ю ГIирма?", "хийцалур юй цуьнан статус?" бохучу хеттаршна жоьпаш луш. Кхаа абзацах лаьтта и документ даржийна цо шен сайта тIехь. Шога дешнаш ца кхоош довзийтира цуьнан маьIна департаментан куьйгалхочо Пампео Майка Конгрессехь.

"Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа къобал ца до, дийр а дац ГIирмина аннекси яр. Вай а, вайн партнераш а, дуьненан юкъаралла а ю Украинан цхьааллехьа. ГIирма Украинан дола юхаерззолц, кIадйойла дац Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш", - элира Помпеос.

Харцо чекхъер яц: Iамерко дов дина аннекси йинчу Оьрсийчоьнна

Iамеркан Iедало дина дIахьедар исторехь дуьсундолучех ду, аьлла шен интернетерчу машанехь Украинан президенто.

"Ас къобалдо Украинан ГIирмина оьрсийн агрессор аннекси ян гIертар Вашингтоно харцо ю аьлла дIахьедар. Кремлан гибридан провокацешна доггIуш делла жоп ду иза", - яздина Порошенко Петра.

Оккупацехь дехачу адамийн догъоьцу дIахьедаро…

"ГIирмин декларацина" тIетайна Еропан Барт, Британи, Канада. Европан а, Евразин а гIуллакхашкахула Пачхьалкхан департаментан куьйгалхочун гIовсо Митчелл Веса деклараци ша караделла ГIирма-гIезалойн лидере Джемилев Мустафага.

"Иза, цхьаъ делахь, вуно мехала ду гIирма-гIезалошна. Оккупацехь дехачу адамийн догъоьцу дIахьедаро… Президент цигахь милла а хилахь а, дуьненан низам дохийначу агрессорца цхьана а кепара ша берта гIур йоцийла гойту Iамеркан пачхьалкхо, оцунах даккхийде тхо", - аьлла Джемилевс.

Оьрсийчоьно официалехь ца къадийна шена "ГIирмин декларацех" хетарг, амма чоьхьарчу гуллакхийн министран векало Захарова Марияс цаяшарца бегаш бина цуьнан хьокъехь интернетехь.

"Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан департаменто "ГIирмин деклараци" арахецна – маьIна доцу документ. ГIажаройн зарратан программа листар а, жил-Iалам лардан Парижехь бина барт а ма-бара цхьана хенахь юкъара. Обамас шен некъ къастийнера, ткъа Трампа шена ма-хетта хийцина. Хаьа вайна оцу "доккха маьIна долчу декларацийн" мах", - яздо Захаровас Фейсбукехь.

Деклораци – хIумма а йоцург: Оьрсийчуьрчу телевизорша аьлла, бахархой - кхетта

"Иза кIадбоцург ду, цхьа а цхьана а хIуманна декхаре ца во цо. Вай бIозза аьлла, ГIирма Оьрсийчоьнан Федерацех къасто йиш йоцу дакъа ду, хир а ду. Декларацеш ма-луъу даржадойла цара," – аьлла ю Оьрсийчохь гойту ТВ-шоу.

Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь санна, пачхьалкхийн, шайна ма-лиъи, нехан латта ницкъаша доладаккха йиш яц боху декларацино

Ца боху декларацино ГIирма Украине юхаерзор ю, амма гойту Iамеркан Штаташа Оьрсийчоьнна ша тоьхна санкцеш малйийр йоцийла, ша Кремл политикан тIеIаткъамна кIел латтор юйла, аьлла тидира документан маьIна Iамеркан Украинерчу векало Кент Джорджа.

" Оьрсийчоьно 2014-чу шарахь санна, пачхьалкхийн, шайна ма-лиъи, нехан латта ницкъаша доладаккха йиш яц боху декларацино", - билгалдаьккхина цо Киевехь.

Историно йицйийр йоцу харцо

Пачхьалкхан деклараци – иза дIахьедар ду, цо дагадоуьйту Оьрсийчоь - низам дохийна пачхьалкх юйла, аьлла хета эксперташна. Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма, ницкъаша хийцина кхечу пачхьалкхан – Украинан – доза, йохийна Будапештехь хIоттийначу меморандуман бух, талхийна Дуьненан ШолгIа тIом бирзича дуьненахь хIоьттина лаьттан долаллин кеп.

"ГIирмехь хиллачо хийцина дуьненара хьал. Дуьненаюкъарчу низаман коьрта принцип ю хьаьшнарг. Малхбале ца туьгу иза магийта", - аьлла хета арахьарчу политикан талламийн институтан директорна Перепелица Григорийна.

"ГIирмин деклараци" мехала еелахь а, яц юридикан ницкъ болуш, иза политикан позици гайтар ду, - къастадо дуьненаюкъарчу низаман эксперташа.

"Украинан призма" цIе йолчу Украинерчу арахьарчу политикан Кхеташонан декъашхочунна Шелест Аннас хадочу мехаца, "пачхьалкхан документ дац деклараци, цо ца гойту ерриг а пачхьалкхан позици, ца до Iедал ГIирмех долчух къастам бан декххаре, коьрта Iалашо ю цуьнан – Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси яр емалдан".

ГIирмехь бехачу оьрсашна муха хета?

"Юкъаяхийта шайна ма-тов санкцеш. Оха – Севастополо – шозза дуьхьало латтийна тIемашкахь, кхозлагIниг а ловр ю. Санкцеш тхуна хIумма а йоцург ю", - элира журналисте меттигерчу яхархочо.

1994-чу шарахь, Украина зарратан герзех мукъаяла резахуьлуш, цуьнан суверенитетна, кхерамзаллина, дозанийн чIагIонна гаранти луш, меморандум хIоттийра Будапештехь. Гаранташ-мехкаш бара Цхьаьнатоьхна Штаташ, Британин, Оьрсийчоь.

Стенна тоьа шуна шайн каракхочу ахча?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG