ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Казахстан: герз детташ ду Алмата-н гIалин юккъехь, махка кхаьчна ОДКБ-н ницкъаш


Алма-Атахь "зачистка" ю дIайоьдуш. Дечкен-бутт 2022 шо.
Алма-Атахь "зачистка" ю дIайоьдуш. Дечкен-бутт 2022 шо.

Iедалан ницкъаша герг тоьхна дуьхьалонан акцийн декъашхошна, Алмата Iуналле оьцуш. Хаамаш бу байина нах хиларх лаьцна. Казахстане кхаьчна, ОДКБ вовшахтохараллан ницкъийн дакъа долу дуккха а а адамаша дакъалоцу дуьхьалонан акцеш охьатаIо гIертачу президента Токаев Касым-Жомарт кхайкхина Оьрсийчоьнан десантхой. Масех де хьалха газан мехаш хьаладовларна дуьхьал оцу мехкарчу дуккха а гIаланашкахь юьйлаелла манифестацеш йирзира Казахстанан куьйгаллана дуьхьал.

Казахстанехь, зорбан гIирсаша дийцарехь, хIинца а дIайоьлхуш ю дуьхьалонан акцеш, Iедалша вуно чIогIа церан декъашхошна дуьхьал девллехь а, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

РИА-Новости агенталло, меттигерчу телевиканалана тIе а тевжаш, хаам бо малхбузехьа йолчу Актау гIалахь манифистантийн тобано аэропорте боьду некъ лаьцна бохуш.

Дийцарехь, Жанаозен гIалана гергахь машаран митинге араваьлла 3 эзар гергга стаг.

Цхьацца хаамаш бу кхочуш Алматахь керла герзаш детташ хиларх лаьцна. ПIераскана дийнахь Iедалан ницкъаша герз тоьхна цигахь дуьхьалонан акцийн декъашхошна тIе, и бахьана долуш, официалан хаамашца, байина нах бу. И хаам нийса бу-бац къасто хала ду.

Дуккха а адамаша дакъа лоцу къепедацарш вовшахтохарна а, царна юкъахь дакъалацарна а бехктакхаман гIуллакх долийна Казахстанехь. Цул сов теракт ярна таллам а болийна махкахь, хаам бо "Vласть" зорбан гIирсо.

Цу Iалашонца перзиденто тIедожорца кхоьллина леррина талламан-оперативан тоба, шайна юкъахь МВД-н а, Къоман кхерамазаллин комитетан а, кхечу а ницкъаллин структурийн белхахой а болуш.

Алма-Ата-н комендатуро официалан кепара хаам бина уггар йоккхачу Казахстанан гIалахь "къепе латторан антитерроран леррина операци" йолийна аьлла. Цунах лаьцна яздо Радио Свобода-но.

"Хала хеташ делахь а, радикалан ойланаш йолчу къепедацаран декъашхоша инзаре зен дина гIалана, дуьхьало йина бакъонца йолчу низамаш лардечу органашна. Экстремисташ талораш лелош бу, бизнесна зен деш. Цул сов, кхерам туьйсуш бу маьршачу бахархойн дахарна, новкъарло еш бу медицинин белхахошна, поликлиникашна а, дарбан хIусамашна а зен деш", - даладо комендатурин дIахьедар Маршо Радион казахийн сервисо (Радио Азаттык).

Иштта коментадурехь дIахьедина "бандиташ лаккхара низам долуш хилар, уьш кхечу пачхьалкхашкахь кечбина хилар гойтуш долу, билгалдаьккхина, уьш а Казахстанна тIелатар агрессин акт а, пачхьалкхан цхьаалла йохо гIортар а хилла аьлла".

Цу кеппарчу дешнех пайда ийцира президента Токаев Касым-Жомарта де хьалха ша ОДКБ (Организации Договора о коллективной безопасности) вовшахтохаралле гIо дехна аьлла хаам беш.

Цхьа могIа зорбан гIирсаша, Казахстанан МВД-н зорбан сервисна тIе а тевжаш, хаам бира, махкахь къепедацаршкахь 300 сов полицин белхахо а, къоман гвардин эскархо а лазийна, 8 кхелхина аьлла.

Алма-Атан полицин официалан векал йолчу Азирбек Салтаната дIахьедира, гIалахь иттаннаш къепедацарш лелоран декъашхо вийна, церан цIераш къастош ю аьлла, хаам бо "Интерфаксо".

Карарчу хенахь Алма-Атахь хуьлучунна тIаьхьакхиа хала ду, билгалдоккху "Азаттыка". Хууш ду, цхьана адамийн тобанаша (хууш дац уьш Дечкен-беттан 2-хь дуьйна митинге арабуьйлуш хилла нах бу-бац) кхерамехь латтош хилар динна гIала. Хаамаш бу цаьргахь герз ду бохуш.

Дечкен-беттан 6-чу буса оцу мегаполисехь болх бан йолаелла зIе а, интернет а. Алма-Атан аэропортан зорбан гIирсо хаам бина, цо белх сацош хиларх лаьцна, дуьхьалонан акцин тобано иза Дечкен-беттан 5-чу дийнахь дIалацар бахьана долуш.

Казахстанехь хIоьттина хьал бахьана долуш Гергарчу Малхбалера Flydubai а, Air Arabia а, Jazeera Airways а компанеша совцийна шаьш Алма-Ата еш хилла рейсаш. Нур-Султанан аропортан онлайн-таблоно гайтарца, цигахь а совцийна гергарчу сахьташкахь Алма-Ата а, Истанбуле а, Москва а, Актобе а хила езаш хилла кеманийн рейсаш.

Еарин дийнахь Iуьйранна хаам бина, масех БТР а, эскархой а Алма-Атан коьртачу майдане кхаьчна хиларх а, цул тIаьхьа герзаш детта доладелла хиларх а лаьцна. ТIаьхьо хаам кхечира, эскархой, майданна шаьш бина го а баьстина, гIалан администрацина хьалха йолчу Республикан цIарахчу майданера дIабахна аьлла.

Дечкен-беттан 6-чу буса президента Токаевс дIадаьхьна Казахстанан Кхерамазаллин кхеташонан цхьанакхетар. Хьалхо цо дIахьединера хIинца дуьйна дIа ша хир ву оцу Кхеташонан куьйгалхо аьлла, и дарж валлалц мехкан куьйгалхо хиллачу Назарбаев Нурсултанна дIаделла хиллехь а. Муха а, мичахь а хилла и декхарш цуьнга дIадалар хууш ду.

Кхеташонехь Токаевс элира къепедацарш лелоран декъашхой "шаьш ма барра террорхой бу" аьлла. "Вайна дика хууш ду, уьш вон лелаш бу карарчу хенахь Алматахь а, кхечу гIаланашкахь а. ДIалуьйцуш бу гIишлош а, ткъа коьртаниг, дIалуьйцуш бу герз долу чоьнаш. Дешаран школашкахь болчу курсанташца тIемаш беш бу уьш. Карарчу хенахь Алматана гергахь тIом бу боьдуш тIеман министраллин десантхойн тобанашца", - чIагIдора президента.

Оццу хенахь хаам бина Токаевс ша указ арахецна хилар, Назарбаевн дукха хенахь дуьйна накъост волу Масимов Карим Казахстанан Къоман кхерамазаллин комитетан (ККхК) куьйгалхочуьнан даржера дIаваккхарх лаьцна. Цуьнан метта хIоттийна Пачхьалкхан гIаролан сервисан хьаькам хилла Сагимбаев Ермек. Казахстатан низамашца а догIуш, Къоман кхерамазаллин комитетан куьйгалхо а, кхин а цхьацца министраш а президенто хIиттош бакъо яла езаш ю Сенат, аьлла ду Азаттыкан хаамехь.

  • Дечкен-беттан 2-хь Казахстанан Мангистау областерчу Жанаозен гIалахь дуьхьалонан акцеш юьйлаелира, цIеххьана газан мехаш тIетохарна дуьхьал. Дечкен-беттан 4-хь дуьхьалонан акцеша лецира ерриг а аьлча санна мехкан яккхийн гIаланаш. Церан декъашхоша экономикан дехаршца цхьаьна дIакхайкхийра политикан дехарш. Iедалша дIахьедира газан мехаш охьадаьхна хиларх лаьцна. Дечкен-беттан 5-чу Iуьйранна Токаев Касым-Жомарта дIасахийцира министрийн кабинет, амма цо ца совцийра демонстранташ.
  • Ерриг а Казахстанехула даьржинчу тийсадаларан а, къепедацаран а эпицентр хилира шинарийн дийнахь дуьххьара ницкъаллин структурийн белхахойн а, дуьхьалонан акцийн декъашхойн а тасадаларш хилла Алма-Ата. Кхаарин дийнахь цигахь, дIа а лаьцна, ягийра гIалан администрацин а, прокуратуран а гIишлош.
  • Токаевс цкъа дуьххьара цхьацца областашкахь а, гIаланашкахь а, ткъа цул тIаьхаь ерриг а Казахстанехь а юкъаяьккхира чолхечу хьолан раж. Махкахь юкъахъяьккхира интернет.
  • Дечкен-беттан 6-чу буса хиира Токаевн дехарца Казахстане хьажош хилар ОДКБ вовшахтохараллана юкъайогIучу пачхьалкхийн эскархой. Цунах лаьцна фейсбукехь яздира ОДКБ кхеташонна куьйгалла дечу Эрмалойчоьнан премьер-министро Пашинян Никола.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG