Москварчу апелляцин тIеман суьдо хийцам боцуш йитина Дагестанерчу вахархочунна Абдуллагаджиев Мурадана йина кхел, хьалхо цунна 11 шо колонехь даккха хан тоьхнера, Оьрсийчохь кхело йихкина йолчу "Исламан пачхьалкх" терроран вовшахтохараллана байIат дарна. Суьдехь гӀо лоцучу агӀоно дехара тоьхна хан лахъяхьара, бина сацам дукха луьра бу бохуш, амма эххаре а хьалхарчу инстанцин кхелан сацам битира ницкъ болуш аппеляцин кхело.
Кхушара Марсхьокху-беттан (август) 12-хь Ростовхь (Ростов-на-Дону) Къилбан гонан тIеман суьдо 11-тта шо луьрча хьелашкахь колонехь даккха хан туьйхира Дагестанерчу вахархочунна АбдуллагаджиевМурадана, "террорхойн "Исламан пачхьалкх" вовшахтохаралло лелочунна декъа хилла аьлла, хаам бо "Кавказский Узел" (Оьрсийчохь арахьара агент лоруш ю иза. Ред. билг.) сайто.
Талламан версица, 2020-чу шарахь Чиллан-баттахь (февраль) Абдуллагаджиевс шен мобилан телефонна тIе тIеман чIагIонан текст а язйина, аудио хаам санна дIахьажийнера иза "Исламан пачхьалкх" тобан куьйгалхочуьнга. Охан-бутт (апрель) болалуш иза лецира Ставрополерчу низамашлардон органаша.