ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Apple картанаш тIехь украинхойн маттахь Нохчийчоь Ичкери аьлла билгалъяьккхина ю


Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу карташ тIехь Нохчийчоьнан Республика къастийна "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, яздо ТАСС агенталло. Apple Maps картанаш оьрсийн маттахь лелош делахь, Оьрсийчоьнан регион нийса билгалъяьккхина ю, амма iPhone уркаинхойн матте яьккхича, официалан Apple аппликацино гойту Оьрсийчоьнан и субъект "Чеченська Республіка Ічкерія"* аьлла, яздо ТАСС агенталло.

ТIемаш боьлхучу заманчохь "Нохчийчоьнан Республика Ичкери" цIе яра лелош нохчийн гIаттамхоша. Советан Iедал доьхначул тIаьхьа (1991-2000-чу шерашкахь) гучуелира къобал ца йина Нохчийн Республика Ичкери Нохч-ГIалгIайн республикае хиллачу дозана тIехь. Къилбаседа Кавказехь Оьрсийчоьнан эскархоша контртерроран операци дIахьочу заманчохь йохийра иза.

1992-чу шарахь Нохчийчоьнан Республико йозуш йоцчу пачхьалкхан конституци тIеийцира Зазадокху-баттахь, амма цхьана а пачхьалкхо -ООН-ан декъашхочо тIе ца ийцира иза.

1994-чу шеран ГIуран-баттахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Ельцин Бориса омрана куьйгъяздира, Нохчийчохь конституцин къепе юхаметтахIоттош, ткъа оццу беттан 11-чохь Оьрсийчоьнан эскарш республике чудаьхкира.

ГIура-беттан оцу Iаьнан дийнахь болабела и тIом бахбелира 1996-чу шеран Марсхьокху-беттан 31-гIа де тIекхаччалц. Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан агIонаша динчу маслаIатца Нохчийн Республикан статус билгалъяккха езаш яра 2001-чу шеран ГIура-беттан 31-гIа де тIекхачале.

Ма дарра аьлча (де-факто), Нохчийчоь юха а хилира йозуш йоцу пачхьалкх. Тахана а билггал хууш дац оцу тIамехь кхелхинчу нехан бакъдолу терахь. Нохчийчохь тIом а баьлла адамашка бала боьссина де тергал деш а дац карарчу Нохчийчохь долчу Iедалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG