ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Apple компанино "Чеченська Республіка Ічкерія" цIе хийцина шен картанаш тIехь


Украинхойн маттахь лелочу Apple Maps картанаш тIера "Нохчийчоьнан Республика Ичкери" нисдина "Нохчийн Республика" аьлла, хаам бина Apple компанино.

Маршо Радионо яздира шен агIонехь, ТАСС агенталлан хаамна тIетевжина, Американ Apple компанино украинхойн маттахь долчу картанаш тIехь Нохчийчоьнан Республика "Нохчийн Республика Ичкерия" аьлла, къастийна хиларх.

Оцу юкъанна, Пачхьалкхан Думан депутато Саралиев Шамсаила кхайкхам бира Apple компанин векалшка, гIалат дIанисде, "украинхой а, юкъаралла а тила а ца еш" аьлла.

Нохчийчоьнан вице-премьер волчу Умаров Джамбулата дIахьединера, Нохчийчоьнан Iедалхоша кхеле арз дан тарло Apple сервисна, амма цунах сацам тIеоьцур берг мехкан урхалхо Кадыров Рамзан ву аьлла.

  • 1992-чу шарахь Нохчийчоьнан Республикано йозуш йоцчу пачхьалкхан конституци къобалйира Зазадокху-баттахь, амма цхьана а ООН-ан декъашхочо-пачхьалкхо тIе ца ийцира.
  • 1994-чу шеран ГIуран-баттахь Оьрсийчоьнан президент хиллачу Ельцин Бориса омрана куьйгъяздира, Нохчийчохь конституцин къепе юхаметтахIоттош, цул тIаьхьа болабелира Нохчийчохь хьалхара тIом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG