ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьара агенташ бац, журналисташ бу". Оьрсийчоьнан зорбанаша акци йолийна


Гезгамашин-беттан 8-чохь, журналистийн цхьааллин Дуьненаюкъарчу дийнахь, Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн журналисташа акци йолийна "Иноагенташ бац, журналисташ бу" аьлла. Свобода Радионо яздо цунах лаьцна.

"Арахьарчу агентех" долчу низамна дуьхьал юкъаяьккхинчу акцехь дакъалоцуш ю 40 сов хаамийн ресурс. Оьрсийчоьнан Iедалхоша "Зорбанаш –" арахьара агенташ" тептаре яьккхина "Дождь" телеканал, "Медуза", "Важные истории", The Bell, "Медиазона", Republic, "Новая газета", "Мох", "Бумага", "Тайга.инфо", Doxa, "7×7", "ОВД-Инфо", The Village, "Юга.ру", "Свободные медиа", "Псковская губерния", Sota, "Холод" а, ишта кхин ерш а.

Дийно сарралц акцин декъашхоша сайташкахь а, социалан машанашкахь а шайн публикацешца цхьаьна гойтур ю, юстицин министралло "арахьара агенташ" хилар билгалдоккхуш хIоттон тIейожийначу маркировкех тера "плашка". "Медиазонас" яздарца, "тапъаьлла Iен дагахь доций а, шаьш кхоьруш цахилар а, шаьш дуккха а дуйла шайна а, шайн ешархошна а дIахаийта" Iалашо ю церан.

Iедало кхуллуш бу "арахьара агенташ", саццанза дIаюзуш ю царех тептарш – бу оцу юкъабетташ бакъоларъярхой а, коммерцица йоьзна йоцу организацеш а, политикаш а, жигархой а, дийнна хаамийн гIирсаш а, цхьаболу журналисташ а. Оцу тептаре нисбалар - болх сацор санна ду журналисташна. Оцу йоллу тептарийн Iалашо ю – кхерор, бохор. Уставца ца догIург мел дуьйцучун Iа лакъон хьийза уьш, дIахьедо акцехь гулбеллачара.

Гезгамашин-беттан 8-чохь долчу хьолаца, юстицин министралло лелош долчу "арахьарчу агентийн" тептарехь 47 стаг а, организаци а ю билгалъяьккхина.

Дуьххьара "Зорбанаш - иноагенташ" боху дош гучуделира Орсийчоьнан низамашкахь 2017-чу шарахь. ХIетахь реестре яьхначу хьалхарчу хаамийн гIрсашлахь яра иштта Свобода Радио а, цуьнан регионалан проекташ а.

РСЕ/РС медиакорпораци дуьхьал ю Оьрсийчоьнан оцу сацамна. "Зорбанаш – арахьара агент" статусо шога дозанаш детта хаамийн гIирсашна а, цаьрца белхаш бечу бахархошна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG