ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Арахьара делегациш тIелаца 10 млн сом билгалдаьккхина Нохчийчоьнан Iедало


Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь
Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Нохчийчоьнан къоман политикан, арахьарчу зIенийн, хаамийн, зорбанан а министралло тендер кхайкхийна Соьлжа-ГIалахь арахьара делегациш тIелацарна лерина. Эцаран толамхочо 10 миллион соьмах 19 арахьара хьаша тIелаца веза.

Тендеран техническан тIедилларца а догIуш, тендеран толамхочо Тунисерчу ялх стагна, Таджикистанерчу пхеанна а, СаIудийн Iарбойчуьра а, Пакистанера а виъ-виъ хьашана а бизнес-классехь кеман билеташ эца деза. Вип-трансфер хилийта еза церан, иштта тайп-тайпана европхойн кханаш а, диетехь волчунна лерина меню а хила еза, пхи седа болчу хьешийн цIийнан тоьллачу петарш чохь ваха йиш а йолуш. Цул сов, карарчу хенахь гочдаран гIирс хилийта беза царна лерина.

Кехаташкахь ца дуьйцу делегациш хьошалгIо йогIу терахь, амма тендер хIоттийначул тIаьхьа пхи де даьлча белхаш чекхдахаран актана куьйг яздинера. Республикерчу официалан зорбанан ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан сайтехь а, иштта Нохчийчоьнан урхаллин сайтехь а цхьа а хаам бацара пачхьалкхийн делегацеш йогIур ю аьлла.

Арахьара хьеший тIелацарехула тендерехь толам баьккхира совдегархочо Тукуев Денислама. ХIокху шеран охан-баттахь бен кехаташкахь билгал ца ваьлла иза Гуьмсан кIоштера Берза-Боьрера бизнесхо санна. Иза цуьнан дуьххьара пачхьалкхан контракт ду.

  • Ростован мехкан Батайск гIалин администрацино "герз кхийсаран а, юххехь тIом баран а интерактиван Iаморан гIирс" эца тендер хIоттийра – берийн а, кхиазхойн а муниципалан кхиоран Центрана лерина яра иза. Бераш тIамна кечдарна лерина бюджетера 9,5 млн сом охьадилла кийча бара, тендеран толамхочо 7,7 миллионах гIирс хуьлуьйтур бу элира.
  • Дагестанан куьйгалхочун а, урхаллин а администрацино iPhone 13 Pro Max телефон ийцира 163230 соьмах. Ша цхьах волчу гIулкхдархочуьнгара эцна ю иза, тIаккха эцаран информаци тIеэцна низамаш а хедош хIоттийна ю.
  • Стигакъекъа-баттахь Дагестанан прокуратурано 12 тендер хIоттийра республикан хьукматийн а, кIоштийн декъийн а къайлахчу чоьнашна ремонт ярна лерина. Тендерийн берриг мах бара 4,5 млн сом.
  • Кадыров Ахьмадан цIарахчу регионерчу юкъараллин фондо сепаратистийн "ДНР-ра" 26 берана а, кхиазхочунна а, оцу тобанца хилла волчу кхаанна а iPhone I3 PRO Max телефонаш елира. Уьш цига кхаьчнера Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан базехь хIоттийна йолчу дешаран сменехь дакъа лаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG