Арахьара агенташ аьлла, цIе тоьхначаьрца боьзначу нахах реестр хIоттор йолуш ю Оьрсийчохь. Низамехь хийцам бар ду кечдеш Пачхьалкхан думехь, хIинцале а цунна тIетайна профилан комитет, аьлла ду лахарчу палатин базехь яздина, хаамбо Свобода Радионо.
Юкъарчу реестрана юкъа бохуьйтур бу, арахьара агенташ лерина, хьалха болх бинарш, хIинца бийраш, СМИ-иноагенташ кхоьллина, юкъаяьхна куьйгалхой, коммерцица йоьзна йоцу организацеш-иноагенташ, юкъараллийн вовшахтохараллаш- иноагенташ.
Цул совнах, цу юкъа язбийр бу, пачхьалкхана хетарехь, политикан гIуллакх лелош берш а, арахьарчу агенташкара йа ахча, йа бахамца доьзна гIо кхочуш берш а.
Тептар латтор долуш ду юстицин министралло. Низаман поект тIеоьцуш ю, Яковлев Димин олучу низамехь тIетохарца. Оьрсийчуьра бераш кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошна доладахар дихкира цуьнан инициативаца, антикоррупцин санкцешна дуьхьал.
Низамехь бинчу хийцамаша тIедожийна, арахьара агенташ хьахочу харжамех лаьцна материалашна а, и статус кхаьчначу кандидатийн куьг язден кехаташна а, зорбан гIирсашкахь харжамаш хилале хьалха царех лаьцна араюьйлучу материалашна информацин плашкица билгалонаш яр.