ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Арахьарчу агентийн" тептар дIадаккхар тIедожийна 20 сов зорбанан коьртачу редакторша


Йозуш йоцчу оьрсийн 20 сов хаамийн гIирсийн коьртачу редакторша тIедожийна "арахьрачу агентийн" тептар дIадаккхар, иштта "арахьарчу агентех" юкъадаьккхина низам кIаддар а. Диллина кехат дахьийтина цара шайн тIедахкаршца Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире, цуьнан пресс-секретаре Песков Дмитрийга, юстицин министре Чуйченко Константине а

Кхайкхамна куьйгаш яздинчу редакторийн хаамийн гIирсаша зорбане доккхур ду кехат. "Зорбанан гIирс- арахьара агент" реестре язйина "Дождь" телеканал а ю царлахь. Кхинболу кехатна куьйгаш яздина куьйгалхой оцу реестрехь бац.

Доккхачу декъанна куьйгаш таIийна кехатна "Новая газетан" редакторо Муратов Дмитрийс а, "Эхо Москвы" радиостанцин куьйгалхочо Венедиктов Алексейс а, Znak.com ресурс йиллинчу Панова Аксанас а, региоаналан гIирсийн векалша а.

Кехатан авторша тIе ца дожийна "Зорбанан гIирсаш -арахьара агенташ" низам дерриг а юхадаккхар, амма уьш гIерта цуьнан чулацам хийцийта.

Таханалерачу дийнахь"арахьарчу агентийн" тептарехь 43 ресурс а, журналист а ву.

Марсхьокху-беттан 20-чохь Оьрсийчоьнан юстицин министралло "арахьарчу агентийн" тептаре язйина телеканал "Дождь" а, Латвихь регистраци йина Istories fonds ("Важные истории")а. Ерриг а оцу тептарехь ю тахана 43 организаци а, репортер а. Ю царлахь ишта РСЕ/РС медиакорпорацин масех оьрсийн маттахь арайолу проект, Свобода Радио а, цуьнца болх бен журналисташ а.

ТIаьхьарлерчу шерашкахь Радио Свободан а, кхийолчу а проектийн а гӀapaйоьвлар дӀа схьа ца теӀаш кхуьуш ду. ХIора кIиранах лаьрча, Радио Маьрша Европа/Маршо Радио корпорацин аудиторин терахь ду 7 миллион стаг. Маршо Радион Оьрсийн сервисан сайташка хьажаран терахь ду 16 миллион.

Дуьненчуьрчу 63 пачхьалкхера 250 журналисто г1о даьккхира Стигалкъекъа-баттахь йозуш йоцчу медиашкахьа. Йозуш йоцчу хаамийн гIирсийн Iа а лакъийна, Оьрсийчоьнан бахархошна бакъйолу информаца дIа ца кхачийта гIерта Кремль, аьлла хета кехатан авторшна. Цара кхайкхам бина Оьрсийчоьне, дешан маршо ларъян тIелаьцна декхарш кхочушде аьлла. Кехатна куьйгаш яздина The Guardian, The Washington Post, Le Monde, Süddeutsche Zeitung, Reuters, "Немецкая волна", "Украинская правда", ишта кхин болчу хаамийн гIирсаша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG