ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!
please wait

No media source currently available

0:00 0:02:30 0:00
Линкана тIе

Кхаарийдийнахь Ереванехь Республикан майдана гулделлачу халкъна хьалха протестан лидеро, "Елк" ("Некъ") фракцин лидеро Пашинян Никола охьабехкира тIаьххьара хиламаш, элира, Эрмалойчоьнан Республикан партин векалша дош делла, шаьш "халкъан кандидатехьа" кхаьжнаш тосур бу аьлла.

Цуьнца доьзна, ша еарийдийнахь Къоман Гуламе гIур ву, шен кандидатура муха чекхйолу тергалдан, республиканхоша мел дош лардо хьажа, бохура Пашиняна. Цундела дийхира цо гуламхошка садаIар, эшначу хеннахь керлачу акцешна кийча хилар.

"Кхана шайн бераш школашка дига. Ткъа аш, бераш, дешалаш, деша, кеч а лой, гIолаш! – Бохура лидеро.

Амма тергонера хьал ма даккха, сема хила, Фейсбук ларъе, политикан хьоле хьаьжжина йохур ю кхдIайолу гIулчаш, аьлла бара кхайкхам.

"Вай хIинца премьер-министран харжамашна кечамаш беш ду. Оцу дийнахь, кху беттан 8-чохь, гуламехь 250 эзар хилла а Iийр вац, 500 эзар вогIур ву кхуза", - дIахьедира Пашиняна.

Шинарийдийнахь Къоман Гуламехь 10 сахьт даьккхира Эрмалойчоьнна ханна премьер хоржуш. 53 кхаж оьшура чекхвала цхьаъ бен воцчу кандидатна, Пашинянна, мехкан куьйгалхочун гIента хаа. Амма 45 депутат бен ца хилира цуьнгахьа, ткъа массо а республиканхоша (56 стаг) духьал тесира кхаьжнаш. Оьшу

ЖамI а доцуш гуламе юхавеъначу Пашиняна кхайккхарх лаьттира нах буса сахиллалц. Лецна бара некъаш, метро, Iедалан хIусамийн неIарш, аьча некъ.

Стигалкъекъа-беттан 8-чохь, 12 сахьт даьлча, юха а кхаьжнаш тосур бу Къоман Гуламо премьеран хьокъехь.

Кхаарин сарахь, республиканхошца дагавелира президент, премьер лаьттина волу политик Саргсян Серж. Цуьнца хилла къамел дирзича, Республикан партин декъан куьйгалхочо дIахьедира, шаьш, шен накъостий а, ша а, рогIерчу харжамашкахь тIетовр ду дукхахболчу депутатийн лаамна, аьлла.

Эрмалойчоьнан конституцино бахарехь, цкъа чекх ца ваьлла кандидат рогIехь харжаме воккху ворхI де даьлча. Кандидат хила тарло парламентан кхоалгIачу декъо къастийнехь. ШозлагIа а иза чекх ца валахь, парламент дIасахоьцу, халкъо керланиг хоржу.

Саргсян Сержа премьер-министран дарж каракхаьчна массех де а далале дитира, бахначу беттан 23-чохь. Урамашка нах баьржича, Пашинянца цхьаьна халкъ гIаьттича бира цо гIентара восса сацам.

Мотт ца тохарна таIзар дан оьшу аьлла хетий шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG